ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан инстаграмера агIо дIакъевлина


"Грозный" телеканалан директор Ахмадов Чингиз
"Грозный" телеканалан директор Ахмадов Чингиз

Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан инстаграмера агIо схьаеллалуш яц. Социалан машанашка язбеллачара бина цуьнан тидам. 900 эзар стаг аккаунте язвелла агIо мича бахьанашца къевлина хууш дац. "Халахеттехь а, хIара агIо схьаеллалуш яц. Я агIо дIаяьккхина, я ссылка нийса яц" олий яздо, аккаунте гIоьртича.

"Грозный" телехьожийло цкъачунна цхьана а кепара комментари йитина яц шайн инстаграм-агIо дIакъовларх лаьцна. Хила тарлучу бахьанашлахь ду - Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа тоьхна санкцеш.

Кху деношкахь "Грозный" телеканалан директора Ахмадов Чингиса кхерамаш туьйсуш къамел дира мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна резабоцчарна дуьхьал. Инстаграмехула яржийначу видео чохь цо боху ша " Кадырова Ахьмад-Хьажин кIантаца Кадыров Рамзанца ву": "Нагахь санна цхьаъ вен везахь, иза вен дагIахь, вуьйр ву оха. Етта езахь, еттар ю, дош ала дезахь, дош а эр ду".

Нохчийчохь бахархойн бакъонаш хьоьшуш хиларна Американо санкцеш тохарца масех шо а ду мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан инстаграмера официалан аккаунт къевлина йолу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG