ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхи бутт бу Казахстанехь ММА-н нохчийн латархочунна ницкъбен 


Джамалдиев Расул
Джамалдиев Расул

Казахстанан къоман кхерамзаллан Комитетан (КНБ) белхахоша шаьш герз а тесна, лаьцна ялх нохчо а, ши гIалгIа а. Ткъа хIинца шаьш зуламаш дина алий, бехкаш тIелаца бохуш, хьийзош бу уьш.
Кавказ.Реалиига бина цунах лаьцна хаам лаьцначийн гергарчара.

Талламна герга йолчу хьосташа бахарехь, лаьцначех цхьаъ Нохчийчуьра орамаш долу, Казахстанехь вехаш хилла 51 шо долу Джамалдиев Расул ийначу кепехь латаран Азин "Ахмат" лиган сий долу президент ву. Бакъо йоцуш герзаш лелорна Алма-Атарчу къоман кхерамзаллан Комитетан талламан изоляторехь иза латтош волу биъ бутт сов бу. Оцу артиклехь цунна кхачайо кхаа шарера бархI шаре кхаччалц набахтехь яккха хан.

Лецначийн гергарчарлахь а, церан адвокаташлахь а цхьана Вытнова Натальяс бен - Джамалдиевн хIусамнана- шен цIе яьккхина яц. Бисинарш кхоьруш бу, къоман кхерамзаллан комитето гIуллакх нахала даккхарна бекхам барна а, шайна тIаьхьабовларна а.

Вытновас дийцарехь, кху шеран Чиллан -беттан 10-чохь церан цIа баьхкиинчу бевзаш боцчу наха кхарна тапча а, патармаш а, психотропан препараташ а тесна, дIавигинера цуьнан цIийнда.
ХIетахь дуьйна чохь латтош ву иза, "адамашна хьарам долчу хьелашкахь, тIехь шога ницкъ а беш, Iазап а латтош".

2007-чу шарахь Казатком олучу эвлахь хиллачу къепедацаршкахь вийначу кхаа вешин воккхахволчу вешина Махмаханов Шемална дуьхьал мукIарло де аьлла, тIедожийна цунна.

ХIетахь хиллачу зуламехь нехан бахам хIаллакбарна арахь даккха кхо шо хан тоьхна Ахметов Нурлан вийра стохка аьхка. Кавказ.Реалиин хьосташа дийцарехь, Ахметов вийнарш цхьана эхашерачохь ца карийча, меттигера ницкъхойн ойла хилира - Махмаханов Шемал бехкеван.

13 шо хьалха, и сингаттам иккхинчул тIаьхьа, оцу эвлара МахмахановгIеран доьзал Казахстанера дIабахча, цара лецира Джамалдиев, цунна герз а, наркотикаш а тесна. Ткъа хIинца декхарево иза, Махмаханов вара гIалгIана Боковна Ахметов ве аьлла, тIедожийнарг ала бохуш.

"14 шо хьалха Моловоднехь хиллачунна цхьа цуьрриг а гунахь вац сан цIийнда. Оцу юкъахь хилла нах а ца бевза цунна. Амма цунна тIехь къизаллица ницкъ бу латтош", - боху Вытновас.

Цо далхорехь, Расул волчу СИЗО оьху цхьа нах, ницкъ бечу номер 35 йолчу камера чу вуьгу иза, когаш тIера а лоций, ирхуллу иза, тIаккха цуьнан корта хи чуьрчу ведар чу Iуьтту. Цул тIаьхьа цуьнан коьртах тIоьрмиг буллий, етта цунна. Нагахь санна, шаьш бохург цо ца дахь, иза шаьш хьийзор ву, я цунна йоккха хан тухур ю бохуш, кхерамаш туьйсу цунна, Вытновас бахарехь.

"Доллу дегIа тIехь Расулан чевнаш ю. Цунна йиттина, ала тарло, раз-пурх хедийна иза- коьртах, логах, куьйгех, когех. Коьртан лазарша хьийзаво иза, лакхара мочхал дохийна цуьнан, аьтту ког текхош бу, даим а пхенаш ду цуьнан ийзош, хье бу цуьнан чIогIа лазийна. Оха латкъам бинера Казахстанан президентан цIарах а цхьана, амма эрна ду", - дуьйцу Вытновас.

Карарчу беттан 4-чохь Алма-Атан пркуроран цIарца адвокато Сеидовас а, Вытновас а динчу арз тIаьхь билгалдаьккхира, талламан изоляторехь Iазапаш а ца лайна, Стигалкъекъа-беттан 21-чу буса ша шена тIе куьйг дахьа гIоьртина Джамалдиев аьлла.
Цара арз дарх мессенджерашкахула гIарадаьлла масех де даьллачул тIаьхьа КНБ-н белхахоша лецира вуьйцуш хилла Боков а, кхин цхьа гIалгIа а.

Нохчий а, гIалгIай а лецарх а, Джамалдиевна тIехь къизаллаш лелорах лаьцна а комментари еш Казахстанан къайлахчу сервисан хиллачу белхахочо, шен цIе яккха ца лиира цунна, билгалдаьккхина, "оцу кепара садизм а, къизалла а лелор - КНБ-но деградаци яр ду, оцу сервисаша цкъа а магийтина дацара шайна лецначара а, бехкебечарна а дуьхьал оцу кепара методаш лелон" аьлла.

Бакъо йоцуш нах лецарна а, царна тIехь ницкъбарна а жоьпалла тIехь долу КНБ-н лаккхара даржхой "ва-банке гIура бу, иштта хIуъа дина а, цаьрга бехкаш тIе а лоьцуьйтур ду" аьлла, шен позици йовзийтина къамел динчо.

Церан оцу позицица дузу цо, Алматинскан чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло Джамалдиев ша вен гIуртучу хьоле валорна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх тIаьхьо тапъаьлла дижийтар.

Казахстанерчу Алматинскан кIоштарчу Казаткомехь а, Маловодное а эвлашкахь нохчашна зенаш а деш, къепедацарш хиллера 2007-чу шарахь Зазадокху-беттан 18-19-чохь.
МахмахановгIеран хIусамна цхьа тоба тIелеттера, шайлахь мел лахара а 300 стаг а волуш. МахмахановгIеран машенаш а, церан цхьахдолу цIа а дагийра, оцу доьзалера кхо ваша вийра. Меттигехь бехачу нохчаша тIаьхьо дийцарца, тIелеттачара къоланаш дира церан туьканашкахь а, хIусамашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG