ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Иэсан тептар". Коронавирусах кхелхинчу нохчийн лоьрех дийцарш (шолгIа дакъа) 


Пандеми марсаяьллачу муьрехь лоьраш лаьттара шайн гIаролехь. Дерриг а дуьнентIера медикаш а санна, хIора дийнахь хIуьттура нохчийн лоьраш COVID-19 уьнна дуьхьал бечу тIаме – нехан могашаллин дуьхьа шайн могашалла хIиттайора цара кхерамна кIел. Де-буьйса доцуш, дарбан хIусамашкахь хьора цара хан, рагI ца лоьруш бора болх, беттанашкахь ца гора шайн гергарнаш. Цхьаберш царех, кхин цIехьа ца боьрзуш, бисира тIаьххьара а "Иэсан тептарахь".

"Гипократан дуй" ца къарбеш, белхан меттигашкахь беллачу цхьаболчу лоьрех лаьцна дуьйцу Маршо Радионо.

Мехала белхало Тамара

Тарамова Тамара
Тарамова Тамара

Тарамова Тамара, 53 шо, Теркйистан коьртачу дарбан цIийнан медйиша

Бегаш бора оха даима а, леш хилахь, цхьана дийнахь лер вай, олий

Дарбан хIусамашкарчу медйижарийн куьйгаш тIехь лаьтта медицина, иза лоьран агIо ю, олу халкъалахь. Ян а яра Тамара оццул мехала белхахо, яра вуно къинхетаме, доггах шен декхарш кхочушдеш.

2020-чу шеран Мангал-беттан 6-чохь кхелхира и "самукъане, елаелла-екхаелла, зевне аз долу" зуда. Наханна кхеттачу коронавирусца къийсалуш, дархой денбан гIерташ хьийзачохь, цаьргара ун а даьлла, елира Тамара.

- Тхо йиъ медйиша яра, чIогIа дезаш а дара вовшашна, хIинца а ду, бегаш бора оха даима а, леш хилахь, цхьана дийнахь лер вай, олий. Тамара кхалхар боккха эшам бу тхуна, - дуьйцу еллачун йишас Асхабова Айманис.

- Доьналла долуш адам дара иза. ТIехь да а воцуш, вуно дика ши воI кхиийна цо: Рамзан а, Дени а, - дагалоьцу кхечу йишас Мудаева Амината.

Медйиша хила бераллехь дуьйна лаьара Тамарина. 1987-чу шарахь Казахстанехь, Джезказганехь чекхъяьккхира цо медицинан доьшийла. Оцу хенахь дуьйна яра медицинехь болх беш. 2010-чу шарахь лакхарчу медйишин дарже яьккхира иза ша 30 шо сов хьалха балха еъначу дарбан хIусамехь.

- Боккха ларам бара Тамарига белхахошлахь, цунах дерриг а тешадора. Оьзда, хьекъал долуш, шен бох дика хууш стаг яра иза. Тхуна доккха зен хилла иза дIаяьлча. Белхахой чIогIа тIерабара цунна. Цо зIе латтайора лахарчу даржашкарчу белхахошний, хьаькамашний юкъахь – хIинцца веъна интерн а, лакхара куьйгалхо а хуьлура цунна чу садиллина.

Иза сан белхан накъост яра, шен болх леррина бора, массо а хIума тергонехь латтадора, – билгалдаьккхира Тарамова Тамара дагалоцуш Теркйистан коьртачу дарбан цIийнан лакхарчу лоьро Джабраилова Каришата.

Тамарина дика хаьара шех ун хьакхадала тарлойла, делахь а, шеца температура йолуш а, сиркхо хилча а ца юьтура цо шен белхан меттиг. Шина кIиранах къийсаелира ковидца, оцу ерриг а хенахь Iийра пехашна хIо латточу ИВЛ аппаратна кIел.

Нохчийчоьнан лараме лор Бекхан

Жабраилов Бекхан
Жабраилов Бекхан

Жабраилов Бекхан, 60 шо, Гуьмсан коьртачу дарбан цIийнан анастезин а, реамотологин а декъан куьйгалхо.

Лаккхара корматалла йолу лор-реаниматолог вара иза, Оьрсийчоьнан Федерацин могашалла Iалашъяран декъан Лараме белхахо, Нохчийчоьнан Лараме Лор. Вуно дукха нехан безам бара цуьнга – хастамбора иза цомгушчаьрца мерза а, тIекаре а хиларна.

Со реаниматолог а, анестезиолог а ву. Ас ца бича, хьан бийр бу и болх

И башхаллаш цуьнца Нохчийчохь тIемаш болчу хенара дуьйна схьа яра, Бекхан кIиранашкахь ца волура хIетахь реанимацин чоьнаш чуьра, нах когахIиттош хьийзара, дуьйцу цуьнан вашас.

Жабраилов Бекхан
Жабраилов Бекхан

Оцу заманахь яздина хилла цо шен тептаршкахь хIара: «Сайна хетарг аьр ас, вайна тIехьоьттинчу хьолехь коьртаниг ду даима а адам хилла вахар. Иза хIун ду? Къасталой адам кхечу букъдIаьхка йолчу дийнатех? Дера къастало, уггаре хьалха деган йовхо дIасаекъарца. Сайн бага, латта доьхкина, дIаюккъалц (дашадогIий шуна классика аьлларг?), цу чухула арадаьндерг цхьаъ ду – хастамбар. ОьгIазалла а яц.

Сардамаш дехар а дац. ХIан-хIа. Хастамбар ду. Доллучух а. Уггаре хьалха садаIа йиш хиларо доккху самукъа, ваха йиш хиларо. Стагна хаьа, хаа а деза: и самукъадалар – совгIат ду. Иза хьоьца дуй – хастамбе АллахIна, и самукъадалар хьайна кхачийначу дена-нанна…».

Бекханан и дешна довзийтина цуьнан цхьаъ бен воцчу вашас Жабраилов Руслана интервью луш.
- Тхан нана йиллина цомгуш хуьлура, тхо, цуьнан кIентий, тхайн ма-хуьллу, тхаьшна ма-моггу гонах хьийзара цунна, Дарбан хIусамашка лелайора иза, пайда кIезиг хуьлура. Бекхана дIахьедира хIетахь, ша велла а, висина а лор хир ву, ша Нана тойийр ю, аьлла. Хила а хилира иштта!

- ДоIахна операци ян дезаш дара Бекханна. Ас хьийхира цунна Москва а вахана, цигахь дарба дайтар. Шена тIеоьхучу наха Гуьмсехь тойойту шайн могушалла, ша муха гIура ву Москва, эхь хета шена аьлла, ца вахара иза. Пандемин муьрехь юха а дехар дира ас цуьнга, болх битахьара ахь аьлла. "Со реаниматолог а, анестезиолог а ву. Ас ца бича, хьан бийр бу и болх?",- элира цо соьга.

Зазадоккху-беттан 17-чохь оцу зуламечу лазарца къийсаме иза ваьллачул тIаьхьа масех минотана цкъа бен ца гира суна сайн ваша, - дийцира Руслана.

Охан-беттан 20-чохь цамгар хааелира Бекханца. Коронавирусан тесто бакъдира цунах ун хьакхаделла хилар. Соьлжа-ГIаларчу ДоьалгIачу дарбан цIийнехь Iиллира иза, лоьраша дерриг а дира шайн карахь дерг, нийса бутт баьлча, Стигалкъекъа-беттан 21-чохь дIавелира иза.

Дукха Iалашонаш хилла Iийса

Ахтаев Iийса
Ахтаев Iийса

Ахтаев Iийса, 51 шо, Москварчу Спасокукоцкин цIарах йолчу Клинкан дарбан цIийнан реаниматолог-анестезиолог.

Iийса къинхьегамхойн доьзалехь кхиира. Нана хIумнаш тоьгуш яра, да - могIарчу белхало. Шайн бераша институташ йохийла лаьра царна.

Коьртачу лоьранна вуно лакхара похIма гира цуьнца

- Нанна тхох лоьраш хуьлийла, оха нахана гIодойла лаьара. Тхо дика деша гIертара, дега-нене тхайх дозалла дайта лаам бара. Цхьацца гIаланашкахь медицинан институташ ехира оха массара а. Iийсах реаниматолог хилира, кхечу вешех – стоматолог, йижарий – гинекологаш. Со тIаьххьарниг яра тхох, ас ХIинжа-ГIалахь мединститут чекхъяьккхира, доплом кхиира дена гайта, - дийцира Iийсан йишас Марема.

Ахтаев Iийса
Ахтаев Iийса

Iийса дети мидалца школа яьккхина вара, армера цIавеъча, Рязане медицинан институте вахара, цигара ваьлча, Шеларчу коьрта Дарбан цIийнехь болх бира цо.

Шен ахчанех стогарш ийцира цо, цхьаберш богуш бу хIинца а

Йишас дийцарехь, коьртачу лоьранна вуно лакхара похIма гира цуьнца, цо иза клиникан ординатуре вахийтира – Петербургерчу медицинан академе, институт яьккхича кхин а тIе Iама. Шеларчу дарбан цIийно ахча а делира деша. Иштта хилира цунах анестезиолог-реаниматолог.

Доьзале бохам беара – цомгуш хилира Iийсан кIант, иштта цуьнан доьзал Москва дIабахара, кIантанна дарба деччу метте. Шен тIаьххьара денош тIекхаччалц Москвахь Спасокукоцкин цIарах йолчу клинкан дарбан цIийнан реаниматолог-анестезиолог Iийра Iийса.

Ша болх бен дарбан цIа коронавирус лаьцначу нахаца болхбан йола ма-елли, дархошна тIехьийза велира иза. Шех а хьакхаделира ирча ун. Реанимаце кхечира. ИВЛ аппарат хIоттийра цунна, амма ца ларавелира цамгар эшо. 2020-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 8-чохь дIавелира Ахтаев Iийса.

Ахтаевх кадамаш бечу цуьнан белхан накъосташа дуккха а довха дешнаш дуьтура социалан машанашкахь а цхьана цунах лаьцна.

- Хала ду Iийсах лаьцна дийца яхначу хенахь. Иза тхоьца кхин цкъа а хирг цахилар тIеэца лазаме ду. Iаламат догдика, эхь-бехк долуш кIант вара иза. Цхьана белхаш беш дара тхо атто а, хало а хьоьгуш. Амма коронавиурс юкъаяьлчхьана болх чолхе баьллера тхан. ХIетте а цкъа а текъамаш ца бора цо, тапъаьлла шен болх а беш, схьавогIура иза", - аьлла Ахтаевца цхьаьна Спасокукоцкин цIарах йолчу клиникехь болх беш хиллачу Титова Галинас.

Гергарчара дийцарехь, кханене ехкина дуккха а Iалашонаш яра цуьнан - шен кIантанна зудаяло, цIенош дина чекхдаха, хIинца 12 шо бен доцу йоI когахIотто.

(ТIаьхье ларъе кху материалан)

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG