ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ун даржарна кхоьруш Чехино шайн бахархошна дихкина Оьрсийчу баха


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Чехин могушалла Iалашъяран министралло шайн бахархошна Оьрсийчу эхар дихкина коронавирусан ун даржарна лаккхара кхерам хиларна. Урхаллан сайте даьккхинчу омрана тIетевжина яздо цунах лаьцна Настоящее Время телеканало.

КарабогIучу беттан 1-чу дийнера 31-чу дийне кхаччалц ларбан безар бу хIиттийна барамаш. Нагахь санна, ун кхин дIа а лахделла ца хилахь, дозанаш деттар дIадахдийр долуш ду.

Чехин массо а бахархойх а, ПМЖ а, ВНЖ а карахь йолчарех а цхьана хьакхалуш ду дехкар. Оьрсийчоьнан бахархойн бакъо ю дуьхьало а йоцуш шайн даймахка дIабаха. Хьалхе дуьйна Iедалхошка цхьа цаторийла йолуш ша воьдуш хиларх дIахаийтича, царна а могуьйтур ду.

Коронавирусан ун дала боккха кхерам болчу пачхьалкхийн тептаре язйина Чехино Оьрсийчоь. Хьалхо оцу кепара барамаш тIеийцира Германино а, Францино а, Оьрсийчуьра эпидемиологин хьал талхарца доьзна.

Карарчу заманчохь экстремале хьал ду аьлла, Чехин арахьарчу гIуллакхийн министралло Iаьржачу басахь билгалъяьхначу пачхьалкхашлахь бу 14 мохк, шайлахь ХIиндойчоь а цхьана йолуш. КарабогIучу баттахь и тептар дIадузур ду Оьрсийчоьно а, Парагвайс а, Намимбис а, Тунисо а.

Чехера дIа Iаьржачу басахь билгалхяьхначу пачхьалкхашка бахар ду дихкинарг. Ткъа Чехи чувуьутур ву оцу пачхьалкхашкара цхьа могIа санитаран шога тIедахкарш кхочушдина хилахь. Юьйцург ю, кемана хаале ян еза ПЦР-тест, чувеанчул тIаьхьа а, шина кIиранчохь карантинехь Iийначул тIаьхьа а еш йолу ши ПЦР-тесташ.

Оьрсийчоьнца юкъабаьхна шога барамаш хIинцале а лелаш бу Германехь. Кох Робертан цIарахчу Институтан сайтехь хаам барехь, Оьрсийчуьра Германи богIучарна хIоттийна 14 денна карантин ю.

Оьрсийчуьрчу бахархошна дуьхьал Францино баьхначу барамех бу - шенгенан визанаш дIаяхъяр сацор. "Немецкая волна" гIирсо дийцира цунах лаьцна кху деношкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG