ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 40 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 708 – цомгуш хилла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 40 пациент, цомгуш хилла кхин 708.

Iедалшкара болчу хаамца, Краснодар-махкахь уьнан велла 20 вахархо, Ставропол-махкахь – 7, Дагестанехь - ялх, ГIалмакхойчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - шишша, Нохчийчохь - виъ, Адыгейхь а, а - кхоккха, - шиъ, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а, Нохчийчохь а - цхьацца.

Верриг а пандемин муьрехь COVID-19 цамгарх белларш бу Къилбаседа Кавказехь 11 320 стаг, боху официало.

Дийнахь-буса массанхьачул дукха ун хаькхаделла нах бу Краснодар-махкахь, лахара – Къилбаседа-ХIирийчохь.

Краснодар-мохк + 184 (51 873 ерриг хенахь)
Дагестан + 147 (35 828)
Ставропол-мохк + 142 (57 181)
ГIалмакхойчоь + 60 (21 629)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 36 (24 918)
Нохчийчоь + 44 (12 805)
Кхарачой-Чергазийчоь + 22 (20 894)
ГIалгIайчоь + 27 (16 179)
Адыгей + 25 (15 024)
Къилбаседа ХIирийчоь +21 (17 322)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта ларало 272 653 стаг. Ерриг Оьрсийчохь Мангал-беттан 29-чу денна и терахь ду 5 514 599*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG