Киеверчу Деснянскан кхело набахтехь даккха диъ шо хан тоьхна 30 шо долчу Шеларчу С-А. Юсупна, бакъо йоцуш герз латторна. Кавказ Реалиига хаийтина цуьнах лаьцна адвокато Абрамчук Дмитрийс.
"Тапчана тIехула диъ шо тоьхна, оцу гонах дуккха а хеттарш ду, амма уьш апелляцин арз чулуш охьаяздийр ду", - аьлла адвокато. Цо билгалдаьккхина, Украинан Инарла прокуроро Юсупна Оьрсийчу экстрадици еш бинчу сацамна шен клиенто бина латкъам хIинца а луьстуш хиларх.
2020-чу шеран Гезгамашин-баттахь Украинерчу кхерамзаллан урхалло "СБУ"юха а лецира С-А.Юсуп, СИЗО-ра араваьккхина, цIахь витича. Иза лаьцначул тIаьхьа Печерскан кIоштан кхело 40 дей-буьйсий тоьхна юха а чувоьллира иза, Оьрсийчоьнан бакъоларъяран органаша лоьхуш хиларе терра.
Оцу юкъанна СБУ-н пресс-гIуллакххоша чIагIонаш йора, лаьцнарг "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан цхьахволу лидер ву", "Юккъерчу Азера бахархой вовшахтоьхна, цо зуламхойн тоба кхоьллина Украинехь", бохуш. И бехкаш бух болуш ду я дац аьлла, хаам а ца бира СБУ-но.
Бакъо йоцуш герз латтийна аьлла, шеконаш кхоллаеллачу полицино 2019-чу шеран Гезгамашин-баттахь сацийра Юсуп. Цо тIе ца дуьтура бехкаш, ткъа цуьнан адвокато билгалдаьккхира, иза лоцуш цуьнгара тапча яьккхина баьхнехь а, талламчашкахь тоьшаллина иза лоцуш дIаязйина видео а, сурт а цахилар.
Юсуп лаьцчхьана, цуьнан гIуллакх полицино толлуш доллушехь, СБУ-н изолятор чохь латтийра иза. ДаIишхошкахьа иза хилла ву бохуш, даржарна, бусулба боцучу нахера цуьнан дахарна кхерам хиларца дуьйзира иза талламо.
Адвокаташ къар ца белла, Киеверчу номер 13 йолчу СИЗО дехьаваьтккхира иза. Украинерчу низамаша магош дацахь а, процедураш дIахьош йоллушехь, Оьрсийчоьне иза дIаваларан кхерам бу бохуш, дIахьедора Юсупан гергарчара.