ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бертаза вакцинаци яйтарна дуьхьал ву ша, боху Путина


Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира карладаьккхина, коронавирусна дуьхьал бертаза прививкаш яйтарна ша дуьхьал хиларх. Оцу юкъанна цо билгалдаьккхина, регионалан Iедалхойн бакъо ю, Роспотребнадзоран хьехамашца, цхьаболчу нахе бертаза вакцинаци яйта аьлла.

"Ас сайн хенахь бехира, шуна дага дагIахь, тIедожийна вакцинаци яйтарна суо дуьхьал хиларх. ХIинца а ю сан изза ойла", - дIахьедина Путина тахана, кхаарин дийнахь, йоьдучу шен эфирехь. Цо бахарехь, пачхьалкхан цхьайолчу субъекташкахь, массо а индустри дIа а къовлуш, нах карантине ца ховшийта альтернатива санна, 1998-чу шарахь хиллачу низаман гурашкахь хилла вакцинаци юкъаяьккхина.

Оцу юкъанна кху деношкахь социалан машанашкахь бахархоша комментарешкахь яздора, бертаза прививкаш яйта декхаре до шаьш бохуш. Нохчийчуьрчу кIошташкахула а, ярташкахула чекхбийлина хиллера, цара бахарехь, полицин белхахой, вакцинаци ца яйтинчаьрга туьканаш схьайоьллуьйтур яц, я пачхьалкхан белхашка чу а дуьтур дац бохуш.

Хьалхо Нохчийчохь WhatsApp мессенджер лелочарна юкъахь аудио яьржира, парламентан спикеран Даудов Мохьмадчух озаца коронавирусах прививкаш ца яйтинчарна ден долчух дуьйцуш. Дешаран шо долалуш школашка а, бошмашка а бераш дуьтур дац, нагахь санна, церан хIусамашкахь болчара COVID-19 уьнна дуьхьал мехий деттийтина цахилахь, бохура къамел дечо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а цхьана дIахьедира, ун даржарна дуьхьал маха цатоьхначарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза аьлла.

Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца онлайнехь Кадыровн къамел хиллачул тIаьхьа республикехь жигара даьлла вакцинаци яр. Меттигерчу хаамийн гIирсаша яздарехь, прививкаш йина нах дукха хиларца хьалхарчу меттигехь ю Нохчийчоь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG