ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кубанехь могIарерчу салтичунна бархI шо хан тоьхна наркотикаш лелорна


Краснодаран кIоштарчу Новороссийск гIалахь могIарерчу салтина Боурош Георгийна шогачу хьелашкарчу колонехь даккха бархI шо хан кхайкхийна. Бакъойоцуш наркотикан препараташ дIаэцарна бехкевина иза.

Талламчийн версица, стохка ГIуран-баттахь, ша Анапехь волчу хенахь, интернетехула 0,27 грамм йолу наркотикан молха эцна хилла цо. Оццу дийнахь шеца цхьана эскаран гIуллакх дечу накъостана йоьхкина, цул тIаьхьа бакъоларъяран органийн белхахоша лаьцна иза, хаам бина Кавказ.Реалиига Къилберчу Талламан комитетан тIеман талламан урхалло.

Билгалдаккхарца, Боурош контрактаца веана хилла тIеман гIуллахк дан цхьахйолчу салтийн декъе.

ТАСС агенталлан хаамца, Мангал-беттан юьххьехь Ростов гIаларчу тIеман кхело колонехь даккха бархI шо хан кхайкхийра тIеман декхарш кхочушдечу Кузьменко Татьянина пачхьалкхана ямартъяьлла аьлла.

Къилбаседа Кавказан тIеман гонан эскарийн Росгвардерчу лерринчу декъан буьйранчин гIовс лаьттинчу полконикна (иза хIинца вац оцу даржехь) Иноземцев Сергейна ХIинжа-ГIалин гарнизонан кхело 8 шо хан туьйхира Стигалкъекъа-баттахь набахтехь яккха боккхачу барамехь кхаъ бала гIортарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG