ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин къайлахчу сервисийн белхахочо гIо дина хила тарло нохчийн оппозиционерна кIело кечъеш


Абдурахманов Мухьаммад
Абдурахманов Мухьаммад

Германерчу Мекленбург- Хьалхара Померани (Mecklenburg-Vorpommern) олучу федералан лаьттIа тIехь йолчу конституци Iалашъяран урхаллан белхахочунна дуьхьал таллам болийна Германин федералан прокуратурано, 2020-чу шарахь къайленан хаамаш цо Iорабаьхна хила тарло аьллачу шеконашца. Дахначу пIераскан дийнахь федералан лаьттан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь хаам бина цунах лаьцна. Информацехь яздарца, таллам бечу юкъанна министралло мел оьшу гIо кхачор ду, ткъа белхахо ханна балхара цIахь витина, цуьнах шеко кхоллаяларна.

Немцойн Der Spiegel а, MDR медиакомпанин а хаамашца, Мангал-баттахь шекойолчун цIахь а, балха тIехь а талламаш бина хилла. Цуьнан цIе йовзуьйтуш яцахь а, кхерамзаллин органашкарчу хьостанашкахула журналисташ тIекхиъна, вуьйцург хила тарло - BfV-н къайлах волчу хаамхочун куратор, Дадакаев Валиде дерриг а дуьйцуш лелла волу. Пачхьалкхехь терроризм лелийна аьлла, бехкевина лаьцна ву иза 2020-гIа шо довш дуьйна.

Германехь Дадакаев Валидах шеконаш ю, гоьваьллачу блогеран Абдурахманов Тумсон вешина Абдурахманов Мухьаммадна кIело кечъеш хилла ву аьлла.

Талламчашна хетарехь, потенциале волчу киллере Аурбиев Тамерлане дехар дина хиллера цо, иза ве аьлла, амма вукхо дIадийцина хилла Абдурахманов Мухьаммаде, кечдечу зуламах. Аурбиев карарчу хенахь полицино ларвеш ву.

Ткъа BfV-н белхахочух шеко ю, Германехь вехачу Абдурахмановн адрес Дадакаевна цо дIахаийтинчух тера ду бохуш.

Дадакаевн хIусамах хьоьвсича карийна Макаровн тапча, цуьнца вен Iалашо хилла нохчийн оппозиционер, яздо Der Spiegel гIирсо. Абдурахманов Мухьаммад вен гIоьртичхьана немцойн пачхьалкхо Iалашвеш ву иза.

Шен вешина Абдурахманов Мохьаммадна вен Iалашонца дан лерина хилла тIелатар юкъахдаьккхина аьлла, хаам бира стохка Зазадокху-баттахь оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос.

Цо бахарехь, иза вен кхайкхийна хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун шичас Эдельгериев Паруддис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG