Ростов гIаларчу Къилбан тIеман кхело колонехь даккха 25 шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу вахархочунна Тосуев Махьарбина. 2002-чу шарахь милцойн машенна тIелатар дина аьлла, бехкевина иза.
Талламчийн версица, 1999-чу шеран юьххьехь Нохчийчохь гIаттамхойх дIакхетта Тосуев герз тохар, лелор карадерзош Iаморашкахь а хилла, яздо "Дон 24" гIирсо, тIеман кхелана тIетевжина.
Бехкбиллархоша дIахьедарца, герзашца йолчу тобанахь бакъоларъяран органийн белхахошна тIелетарш дан Iалашо лаьцна хилла Нохчийчуьрчу вахархочо. Стигалкъекъа-беттан 23-чохь ша тIелаьцнарг кхочушдина а хилла цо. ХIетахь герзаш диттира Шелковск кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъан машенна. Милицин виъ белхахо а, машенчуьра цхьа пассажир а вийра йинчу чевнех, масех лазийна висира.
Шена дохку бехкашна мукIарло ца дина Тосуевс.
Карачу беттан 3-чу дийнахь ГIебарта-Балкхаройчохь вийра пхи стаг. Къоман антитерроран комитетан версица, "терроран зуламаш дан Iалашо хиллерра" Хупсергенов Хасанбин а, вукху веаннан а.
ГIебарта-Балкхаройчохь ницкъхоша вийначу цхьаннан, Хупсергенов Хасанбин дегIа тIехь ницкъбина лараш карийна цуьнан гергарчарна.
Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, полисхоша тIемалой бара бохуш, дIакхийкхочу наха кхелашкахь дIахьедеш хиларх, тIехь ницкъбина, бехкаш шайга тIелецийтарх.