ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца кехаташ чуделла Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Карарчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгаллехь волчу Кадыров Рамзана мехкан урхалхочун харжамашкахь юха а дакъалаца кехаташ чуделла. Регионерчу харжамхойн комиссин инстаграмехь бина цунах лаьцна хаам.

"Хаза кхаъ шуьца бекъа сихло. Гезгамашин -беттан 19-чу дийнахь дIахьонболчу харжамашкахь шен кандидатура хьалхатеттина мехкан куьйгалхочо, Оьрсийчоьнан Турплахочо Кадыров Рамзана тахана, Товбеца-беттан 6-чохь", - аьлла яздина комиссина хьалха лаьттачу Байханов Iумара.

Байначу беттан 26-чохь Кадыровс официалехь дIахьедира, харжамашкахь ша дакъалоцуш хиларх. "Единая Россия" партин цIарах ву иза доьазлагIа харжамашка вогIуш. Оцу дIахьедарал хьалха, байначу беттан 23-чохь, Соьлжа-ГIалахь "Дуьненаюкъара Нохчийчоьнан къаьмнийн съезд" дIаяьхьира. Цуьнан делегаташа "дийхира" республикан куьйгалхочуьнга юха а, доьазлагIа, даржехь висахьара аьлла.

Хаамехь яздарца, оцу съездехь хилира Европехь беха нохчий а цхьана. Оппозицин IАДАТ телеграм-канало дийцира, дозанал арахьа баха лууш болу Кадыровн агIончаш а, нохчийн Iедалхойн хьелех боьзна нах а бара уьш аьлла.

Оцу юкъанна, Кавказ.Реалиига цхьа могIа Евробертан пачхьалкхашкахь дIатаръеллачу нохчийн юкъараллийн организацийн векалша хаам бира, царех цхьа а вацара цхьана йоккхачу мухIажарийн юкъараллан цIарах веана аьлла.

Кадыров а, цуьнан уллорчу гонера нах а Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна бухахь бу, Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош хиларна а, кхел йоцуш нах байъарна а, адамашна тIехь къизаллаш лелорна а.

Гезгмашин-баттахь шегара дарж охьадилла дезаш волу Кадыров Рамзан мехкан куьйгаллехь лаьтта 2007-чу шеран Чиллан-баттера схьа. ХIетахь иза шегарчу дарже хIоттийра Путина шен омрица. Медведев Дмитрийс юхахIоттийра иза цига 2011-чу шарахь.

Ткъа 2017-чу шарахь хаьржира дарже шен махкахоша, официало бахарехь. 98% гергга кхаьжнаш а тесна - "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIараха хIоьттира иза хIетахь дарже. Оьрсийчохь цхьа а губернатор вац Кадыров санна веха даржехь Iаш.

2021-чу шеран гурахь хила беза Къилбаседа Кавказерчу беа махкахь куьйгалхойн харжамаш – юхахаржа тарлуш ву Нохчийчохь – Кадыров, Кхарачой-Чергазийчохь – Термезов, керла, ханна хIиттийна куьйгалхой Дагестанехь а (Меликов), Къилбаседа ХIирийчохь а (Меняйло).

"Нагахь санна ур-атталла масех процент бахархой а сан кандидатурина дуьхьал хилахь, со харажамашка ваха дагахь вац", - хаам бира Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 19-хь "ВКонтакте" социалан машанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG