ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров "Цхьааллин Оьрсийчоь" партехула саца воллу шегарчу даржехь


Кадыров Рамзана официалехь дIахьедина ша Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарже харжавала дагахь хиларх лаьцна. ДоьазлагIа "Цхьааллин Оьрсийчоь" партехула шегара дарж долахь сацо лаам бу цуьнан. Оцу хьокъехь партин махкарчу декъо хIинцале дIаяьхьина конференци, массо а декъашхочо лаьцна Кадыровн агIо.

"Кху тIаьххьарчу деношка кхаччалц шеко яра сан харжамашкахь дакъалацарца доьзна. Махкахойн масех процент дуьхьал хилахь а хIоттор яц ас сайн кандидатура, аьлла Iара со. Амма сайн кандидатура дарже йилла соьга сацам байтинарг ву соьца къамел дина волу Халкъан лидер Путин Владимир а, Дуьненаюкъара Нохчийн Республикан халкъийн гулам а, "Цхьааллин Оьрсийчоьнера" сан коллегаш а, цундела со резахилла харжамашкахь дакъалаца", – яздина Кадыровс шен "ВКонтакте" машанерчу агIонехь.

"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин Нохчийчуьрчу декъан сайто бахарехь, "Кадыров хьалхататтар уггаре хьалхо дозалуш ду цо регионан куьйгаллехь баьхначу кхиамашца а, эвсараллица а".

"Оьрсийчуьрчу хьелашца дуьстича, цо куьйгалла а деш, дакхарчу тIегIанашка кхаьчна социалан, экономикан, могашалла Iалашъяран, доьшийлийн, совдегараллин, культуран, спортан кхиамаш", – аьлла хета Нохчийчуьрчу "Iедалан партин" декъан куьйгалхочунна, республикерчу парламентан спикерна Даудов Мохьмадна.

И дIахьедар ца догIу Путина динчу къамелца – цо шен Кадыровца хиллачу онлайн-къамелехь бохура, Нохчийчохь ледара ду, Оьрсийчуьрчу юккъерчу хьелашца дуьстича, социалан объекташ, берийн бошмаш хIитторца. Президента бахарехь, бахархошна хIусамаш кIезиг ярца, лоьраш цатоарца, белхазаллица, нахана кхочучу рицкъанца эшна ю республика.

Кавказ.Реалиица къамел динчу политикан тергамчина Решетов Андрейна гарехь, Нохчийчуьра урхаллин система а, Кадыровс Москваца лелош йолу юкъаметтигаш а мел шатайпа елахь а, мехкан куьйIгалхочо тIетаIIина гойту ша Кремлна муьтIакхь хилар, Iедалан вертикаль федералан Iедалх йозаелла хилар. Цундела хьалхаваьлла иза "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин махкарчу декъан кандидатийн могIаршкахь, ша республикерчу оцу декъан куьйгалхо воццушехь, элира Решетовс.

Гезгмашин-баттахь шегара дарж охьадилла дезаш волу Кадыров Рамзан мехкан куьйгаллехь лаьтта 2007-чу шеран Чиллан-баттера схьа. ХIетахь иза шегарчу дарже хIоттийра Путина шен омрица. Медведев Дмитрийс юхахIоттийра иза цига 2011-чу шарахь. Ткъа 2017-чу шарахь хаьржира дарже шен махкахоша, официало бахарехь. 98% гергга кхаьжнаш а тесна - "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIараха хIоьттира иза хIетахь дарже. Оьрсийчохь цхьа а губернатор вац Кадыров санна веха даржехь Iаш.

  • 2021-чу шеран гурахь хила беза Къилбаседа Кавказерчу беа махкахь куьйгалхойн харжамаш – юхахаржа тарлуш ву Нохчийчохь – Кадыров, Кхарачой-Чергазийчохь – Термезов, керла, ханна хIиттийна куьйгалхой Дагестанехь а (Меликов), Къилбаседа ХIирийчохь а (Меняйло).
  • "Нагахь санна ур-атталла масех процент бахархой а сан кандидатурина дуьхьал хилахь, со харажамашка ваха дагахь вац", - хаам бира Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 19-хь "ВКонтакте" социалан машанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG