Нохчийчоьнца лаьттачу дозанех кхолладелла хеттарш дийцаредан тахана, Товбеца-беттан 7-чохь, кхеташо дIаяхьа билгалъяьккхинчу хIусамах йоьллина бомба ю аьлла, хаам кхаьчча ГIалгIайчуьрчу Несарара гIишло гоне ерзийна хилла.
«Центр КАМАЗ олучу кIоштарчу Муталиевн урамера территори юкъаерзийнера. Цигахь махкарчу тайпанийн кхеташонан цхьанакхетар дара дIадахьа лерина, ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанаш билгалдахарехула долчу хеттаршна лерина къаьмнийн комиссин рапорт йийцареян Iалашонца», - хаам бина «Интерфакс-Юг» агенталле, шен цIе яккха ца лиинчу тайпанинй кхеташонан векало.
Цо дийцарехь, ницкъхоша дийцина оцу хIусамах йоьллина бомба ю аьлла, шайга телефонехула хаам кхачарх. Карарчу хенахь оцу гIишлона тIе боьду некъ бихкина бу, жIалешца болх беш кинологаш а, сапераш а бу цигахь, тIечIагIдо агенталло шайн хьостех пайдаэцна.
«Фортанга» телеграм-канало а бина хаам, гулам юкъахбаларх. Каналан информацица, ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанаш билгалдахарех лаьцна Къоман юкъарчу комиссино кечйина рапорт яра цигахь йовзийта езаш.
2018-чу шеран гурахь куьйгаш яздира шина республикан куьйгалхоша Евкуров Юнусбека а, Кадыров Рамзана а латтанаш дIасадоькъучу бертан.
Цунна реза ца хилла гIалгIай митинге бевлира Зазадокху-беттан 26-чохь. ШолгIачу дийне яьлла акци дIайохийра ницкъаллин структурийн белхахоша. Мел лахара а 40 ГIалгIайчуьра вахархо бехкевина полисхошна дуьхьал ницкъ баьккхина аьлла. Бехктакхаман гуллакхаш даьхна 51 стагана дуьхьал. Бакъду, кхаанна дуьхьал даьккхина гIуллакх сацийра.
ГIалгIайн протестийн лидершна тIехь кхел яр дIахьош ду хIинца а, уьш бехкебо экстремистийн юкъаралла кхолларна а, Iедалан векалшна дуьхьал ницкъ баккхарна а. Охан-баттахь дIаяхйира уьш чохь буьту хан карарчу шеран Марсхьокху-беттан 9-чу дийне кхаччалц.
Бакъоларъяран «Мемориало» (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара яьккхина, амма "Мемориал" реза ца хилла и статус тIеэца – Редакцин билгалдаккхар.) политикан тутмакхаш лерина лецна болу гIалгIайн жигархой.