ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 45 дархо


Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 45 пациент, цомгуш хилла кхин а 944.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 23 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 6, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а – кхоккха, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца велла.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 11 661 стаг.

Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг Къилбаседа ХIирийчохь.

Краснодар-мохк + 212 (53 534 ерриг хенахь)

Ставропол-мохк + 180 (58 5I2)Дагестан + 183 (37 167)

ГIалмкхойчоь + 97 (22 278)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 52 (25 281)

Кхарачой-Чергазийчоь + 41 (21 144)

ГIалгIайчоь + 37 (16 441)

Адыгей + 37 (15 263)

Къилбаседа ХIирийчоь + 32 (17 538)

Нохчийчоь + 73 (13 296)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 280 454 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 707 452* .

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG