ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга арздинарг кешнашкахь мангал тоха хIоттийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу Iалхан-Юьртара хьехархо Джабраилов Мохьмад юкъара белхаш бан декхаре вина, мехкан куьйгалхочуьнга шен коллегаша вакцинацин метта витаминаш йеттийтина аьлла, дIахьединчул тIаьхьа.

"Грозный" пачхьалкхан телеканалан сайто шен агIонехь хаам бина, "доцург даржорна мехаза белхаш бар тIедожийна" Iалхан-Юьртарчу вахархочунна аьлла.

Сюжетехь дийцарехь, историн хьехархочо Джабраилов Мохьмада социалан машанехь яздина хилла Кадыров Рамзане, шен белхан накъосташа харц сертификаташ эцна, прививкаш йина аьлла, ма-дарра аьлча, вакцинин метта царна витаминаш йиттина боху цо.

"Таллам бина цунах, массо а компетенте йолу органашца цхьаьна. Вайн лоьраша цIена болх бина, билггал еш вакцинаци ю. Оцу стагаца тхан къамел хилла, коллективехь шен цхьацца дегабаамаш хилла цуьнан", - дуьйцу репортажехь Грозненск кIоштан администрацин куьйгалхочо Абазов Рустама.

Ша Джабраиловс дIахьедина, Кадыров Рамзанан тидам тIеозон гIертара ша, цуьнца цхьанакхетча шен финансийн проблемаш цо нисъяре сатуьйсуш аьлла.

ТIаьхьо сюжетехь гойту, юьртан кешнашкахь мангал тухуш волу Джабраилов Мохьмад.

"Кешнакахь а, маьждигашкахь а субботникаш дIадахьар - ишта далла дезначу гIуллакхех гергарчу заманчохь юьзна ю Джабраилов Мохьмадан график. Юкъара белхаш бойтуш, таIзар даро гойту - пайдабоцу хIума бекхам боцуш дуьсур доцийла", - боху хьолах дуьйцучу журналисто, "тIаьххьарчу хенахь эладитанаш Iедалхойн коьрта проблема" хилар билгалдоккхуш.

Карладоккху, Охан-баттахь Нохчийчоьнан Iедало пенсионераш пенсех бохур бу, нагахь санна цара шайна "Спутник V" вакцина ца тохийтахь, аьлла аудио яржийначу ГIойтIарчу вахархочо шена къинтIерабовлар дийхира официалехь. И къамел пенсионеро шеггара дина я цуьнга ницкъаша дайтина, хууш дац.

Хьалхо хаамашкахь яздора, прививкаш ца яйтинчу нахера машенаш ю дIайохуш, пачхьалкхан белхахошка шайн цIийнах мел верг вакцинаци яйта поликлиникашка бига бохуш тIеэгадо, кхерамаш туьйсу лакхарчу доьшийлашкарчу хьехархошна, балхара дIабохур бу бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG