ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайн латархочух тасавала дагахь ву Чимаев Хьамзат


Чимаев Хьамзат
Чимаев Хьамзат

UFС- латархочун Чимаев Хьамзатан рогIера латар хир ду ГIадужу-беттан 30-чохь, цуьнан оппонент ву китайхо Джинлианг Ли, хаам бина sportbox.ru интернет-портало.

UFC-267 турниран гурашкахь хиндолу талсадаларш дIахьура ду Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкарчу Абу-Дабехь.

Хаамийн гIирсо билгалдаккхарехь, контракташна хIинца а куьйгаш яздина дац, амма шина а агIоно шаьш резахилар дIахаийтина.

UFC-н чемпионатехь рекорд хIоттийра Чимаевс – 66 денна чохь туьйлира кхузза. Карарачу шеран юьхххьехь критика йира цунна, цо Нохчийчу а вахана, Кадыровца суьрташ а дохуш, цо совгIат йина Мерседес машен схьа а оьцуш хьийзарна. Спортхочо цул тIаьхьа дIахьедира, могуш вац ша, спорт юьтуш ву, аьлла. Амма Зазадоккху-беттан юьххьехь Кадыровс, Швеце кема а хьажийна, Нохчийчу дIавигира иза, даржийра, "Ахмат" клубехь кхидIа а яхлур ю Чимаевн карьера, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG