ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь шеконе диллина Саратовхь нохчийн студенташ лецар бух болуш хилар


Оьрсийчоьнан Федерацин Юкъараллин чоьнан декъашхо Солтаев Мансур
Оьрсийчоьнан Федерацин Юкъараллин чоьнан декъашхо Солтаев Мансур

Малар меллачу наха провокаци йинчул тIаьхьа Нохчийчьура пхи абитуриент лаьцна Саратовхь. ТIаьхьо гучудаьлла уьш полисхой хилар. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан Федерацин Юкъараллин чоьнан декъашхочо Солтаев Мансура, хаам бо "Дош" журнала.

"Оьрсийчоьнан Федерацин Юкъараллин чоьнан декъашхо а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу гражаданийн юкъаралла кхиаран Кхеташонан векал а со хиларе терра суна кхайкхам бан лаьа Оьрсийчоьнан Федерацин прокуратуре а прокуратуру РФ и Саратовской области, Саратовн кIоштан прокуратуре а. Цара низамца мах хадо беза хIоьттинчу хьолана, дан дезарг дан деза низамо ма бохху. Со тешна ву, кхузахь кхиазхойн бакъонаш йохийна хиларх. ХIоьттина хьал ас сайн Iуналле оьцу, кхин дIа а терго йийр ю ас хуьлучунна", - дIахьедина Солтаев Мансура.

Маршо Радионо яздина ма хиллара, Саратовхь пхи жима стаг лаьцна веа полисхочунна йиттина аьлла шеко йолуш. Церан адвоката Аликова Юлияс дIахьедарехь, дов даларан бахьана хилла ницкъалаллин структурин белхахоша питана тасар.

Аликовас дийцарехь, шеконца лецна болчера ду 16-19 шераш. Царах дукхах берш бу Нохчийн республикера лаккхара дешар деша оцу гIала бахна абитуриенташ, хаам бина цо "Версия-Саратов" зорбан гIирсана ше аеллачу комментарехь. Адвоката дийцарехь, уьш спортхой бу, цIахь а, Оьрсийчохь а дикачу агIор буьйцуш болу. Адвоката билгалдоккху, церан цIих малар мелла билгалонаш карийна цахилар.

Болчу хаамца, инцидент хилла Мангал-беттан 24-хь, Кировн цIарахчу проспектехь. Аликовас дийцарехь, пхи жима стаг, шайца кхо йоI а йолуш, базар йолчу агIор дIавоьдуш хилла, цIеххьана царна тIе ши стаг веача. ТIахьо хиъна уьш Ленинан кIоштан полицин ши белхахо хилар.

Кегийрхошца ша дIанисвелча цу шиннах цхьамма чIоггIа белш тоьхна 16-шо долчу кIантана, иза "эргIада а вохуьйтуш, мохь а тохуьйтуш". Уллехула волу шолгIа стаг кегийрхошна тIеволавелла, хIара компани ламастан доцу лелар долуш ю аьлла мохь бетташ, кхин а Кавказах лаьцна сий доцу хIуманаш а дуьйцуш. Кегийрхойх цхьаъ хьалха ваьлла хуьлург дижо дагахь, амма цунна буй тоьхна, цIий а доуьйтуш", - дийцина адвоката.

Цул тIаьхьа, цо дийцарехь, тасадалар доладелла, оцу питана тесначу шина стагана тIехIоьттина кхин 5. Уьш а ца хилла полисхойн духар доьхна. Цара йиттина кегийрхошна. Цул тIаьхьа оцу метте кхаьчна ОМОН-хой. Цара кегийрхой охьабийшийна тротуран плитки тIе. Цхьа йоI шен дегIаца дIакъовла гIоьртина шеца хилла кIант, и бахьана долуш цунна а йиттина – йоIана чевнаш яр тIечIагIдина лоьраша. Полисхой, шаьш цара санна, дуьхьал лехам беш, суьде белла эшам хиллачу кегийрхоша, хаам бина адвоката.

Саратов кIоштан талламан комитетан декъан версица, полисхой девна юкъаозийна хилла "кегийрхойн ши компани вовшах леташ а гина".

"Полисхой девнна юкъагIоьртина, низамца догIург лелор сацаде аьлла. Цунна дуьхьал цу шинна цхьа тоба, шайна юкъахь шиъ 17-тта шераш долуш, шиъ 18-тта шераш долуш, цхьаъ 19-сса шо долуш а волуш, тIебирзина полицин белхахошна, царна куьйгашца а, когашца а тохарш а деш, ткъа цхьана полисхочун куьг хадийна уьрсаца. Полицин 4 белхахо охьавиллина дрбанан хIусамашка", - хаам бина талламан комитетан зорбаан сервисо Товбеца-беттан 27-хь.

Талламан комитетан талламан урхаллан сайто бинчу хаамца, кегийрхой талламан изоляторехь буьтур бу ГIадужу-беттан 24-чу дийне кхаччалц. Нохчийчуьра бераш бехке ларахь кхело суьдхоша тоха мега царна 10 шаре кхаччалц хенаш.

  • Кху деношкахь Брянскехь лачкъийна дIавигинчул тIаьхьа вийна Дагестанехь вина волу 28 шо долу Облокулов Ислом. Цуьнан дакъа, тIехь къизаллаш лелийна хиларан ларш а йолуш, коьртах боьллина телатан тоьрмиг а болуш, карийна гIалана гергахь хьуьнхахь. Облокулов хьалхо лоьхуш вара "Дагводоканалан" куьйгалхочуьнан кIант вийна хиларна шеко йолуш. Иза хиллера цхьа шо ах шо хьалха Москвахь буьйсанан клубехь.
  • Хьалхо Санкт-Петербургехь отелехь дов даьлла леттера Нохчийчуьра а, Узбекистанера а, Таджикистанера а схьабевлла нах. Лецна бу иттаннаш оцу девнан декъашхой.
  • Стигалкъекъа-баттахь хаам бинера Ханты-Мансийскан автономин гонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIоьнчо Сайдаев Iелас а, цуьнан накъосто-полисхочо а тIелатар дина хиларх лаьцна Азербайджанера схьаваьллачу стагана, цуьнан машен а ядош. И бахьана долуш балхара дIаваьккхинера полисхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG