ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочунна санкцеш кхайкхоран бахьанаш дийца, боху Украинин Лаккхарчу кхело


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Гусак Николай коьртехь а волуш, пхеа суьдхочух лаьттачу Украинин Лаккхарчу кхелан коллегино министрийн кабинетана тIедожийна документаш гайтар, Украинехь веха нохчо Амагов Асламбек санкцийн тептарна юкъатохар бахьанаш дуьйцуш долу. Цунах лаьцна Гусака хаам бина Iедалан цIарах суьдехь векал волчу Украинин юстицин министраллан белхахочуьнга.

Амаговн адвоката Ангелин Ивана дийцина Кавказ.Реалии корреспонденте, хьалхо Украинин кхерамазаллин сервисо харц дина хилар ша декъах ю бохург Къилбаседа Кавказехь бинчу нахана дуьхьал санкцеш кхайкхорна. И бахьана долуш адвоката цу тайппа хаттар хьажийна Украинин президентан Офисе.

"Тхуна хаьа инициатива чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера хилла хилар, ткъа оха МВД-га дехар дича, тхоьга элира Амаговна дуьхьал санкцеш кхайкхоран бахьанех лаьцна информаци къайлаха ю аьлла", - дийцина адвоката.

Бакъо йоцуш шайн махка баьхкина нах латточу меттигехь Нохчийчуьрчу 49 шо долчу Амагов Асламбекан хьокъехь хьалхо бина хилла сацам юхабаьккхира Киеверчу кхело. Суьдхочо Глущенко Янас куьйгъяздинчу, Кавказ.Реалиин карадеанчу документа тIехь хаийтина дара цунах лаьцна. Адвоката Ангелин Ивана дийцарехь, Амаговс латкъам бинера Украинерчу миграцин хьукмато бинчу сацамна.

2019-чу шарахь миграцин хьукмато Амаговна иммиграци еш бина сацам бохийнера. Ткъа 2020-чу шеран Лахьан-баттахь бен цуьнга шега хаийтина а ца хиллера. Украинан яхархо а ялийна, оцу пачхьалкхехь ши бер а хилла вехаш виза.

Нохчийчуьра схьаваьлла, шайн пачхьалкхехь вехачу 20 стеган хьокъехь 2020-чу шарахь сацамаш тIеэцнера Украинан Iедалхоша, уьш махкахь бохуш, дуьйцу Украинерчу нохчийн диаспоран векалша.

Кху деношкахь Украинин кхерамазаллин сервисо дIахьединера, Шайхан Мансуран цIарахчу шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчийн батальонан тIемалошна санкцеш кхайкхорна шаьш декъах дац аьлла.

Стигалкъекъа-беттан (май) 14-хь Украинин президента Зеленский Владимира тIе куьг таIийра, Кавказера схьаваьллачу 700 стагана дуьхьал санкцеш кхайкхорца доьзначу указана. Царна юкъахь ву нохчийн шайн лаамечеран батальонан хилла а, хIинца волу а 4 тIемало. Указехь билгалдаьккхина ду оцу тептарна тIехь болу нах махкахбаха безаш хилар.

  • Хьалхо Украинин къоман кхерамазаллин Кхеташоно леррина санкцеш кхайкхийра нохчийн батальонан командирна Чеберлойн Муслимна а, кхин а масех тIемлочунна а дуьхьал. Батальоно тIом бина Оьрсийчоьнехьа болчу ницкъашна - "ДНР" а, "ЛНР" а олучу тобанашкара сепаратисташна дуьхьал.
  • Шайхан Мансуран цIарахчу батальонна гIортор йина АТО-хь (антитерроран операцехь) дакъалоцуш тIом бинчу шайн лаамечерах лаьттачу тIеман дакъойн куьйгалхоша а, ткъа иштта цхьаболчу политикаша а, юкъараллин жигархоша а. 50-а гергга юкъараллин вовшахтохаралло кхайкхам бина президентан Офисе, санкцеш кхайкхийначу нахана юкъара нохчийн тIемалой дIабаха аьлла. Ткъа "Правый секторан" векалша дIахьедина, нагахь нохчийн тIемалошна депортаци ян гIортахь, шаьш цунна, герз а карахь, дуьхьало йийр ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG