ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Криминалан къу Япончик вийнарг лаьцна Абхазехь


Иваньков Вячеслав (Япончик)
Иваньков Вячеслав (Япончик)

2009-чу шарахь авторитетан къу Иваньков Вячеслав, криминалан гонашкахь "Япончик" цIарца дика вевзаш хилларг верна бехкевен Бутба Астамур лаьцна ша шена маршо кхайкхийначу Абхазехь. РЕН ТВ канало бина и хаам, шен хьасташна тIетевжина.

Талламан версица, криминалан авторитет вуьйш юкъахь хилла пхи стаг, ткъа Бутба ву Япончикна снайперан герз тоьхнарг. Дуьненаюкъарчу лехамашка велла иза лечкъаш лелла Папава Нугзарца цхьаьна Абхазехь, ткъа меттигера Iедалхой дуьхьал бара Оьрсийчоьне иза дIавала, шайн конституцица догIуш дац бохуш.

Делахь а, карарчу шеран Зазадокху-беттан 10-чохь Абхазин коьртачу шахьарахь Сухумихь банкан белахочунна тIелеттачу веа стага лачкъийна миллион сов сом. Вара бохуш дуьйцу цаьрца Бутба а. Хадархошца герзаш дIаса а диттина, зулам динчу меттигера бевддера уьш. ХIинца льцна уьш берриш а.

  • Кху шеран Охан-баттахь Москварчу Савеловскан кхело шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха 14 шо хан туьйхира Абхазин вахархочунна Газзаев Кахина. 2009-чу шарахь авторитетан къу Иваньков Вячеслав (Япончик) вуьйш декъахь хилла ву аьлла, бехкевира иза. Боллу бехк цо шена тIелацарна, леринчу къепехь луьстуш дара гIуллакх, материалаш кхин зен а ца зуьйш.
  • Оцу юкъанна, Оьрсийчохь вехаш хилла Шадания Муртази а, Джанашия Джамбул а лаьцна, кеста Москва гIалин кхелерчу бехккъасторхошна хьалха хIоттор волуш ву и шиъ. Газзаев Кахас бехк тIелаьцнехь а, оцу шиммо бехкаш тIе ца дуьту.
  • 1970-чу а, 1990-чу шерийн а юьххьехь Оьрсийчуьрчу криминалан дуьненахь цхьахволчу лидерех лоруш вара Иваньков Вячеслав. Советан заманахь зуламхойн иерархехь шен 33 шо долчу хенахь криминалан авторитетан лаккхара дарж кхаьчна иза, уггар а жигарчех цхьаъ вара Советан Iедал доьхначул тIаьхьа а тобанашкахь ден зуламаш даржош.
  • Шен 69 шерийн 20 шо сов зама лаьцна яьккхина цо. 1990-2000-чу а шерашкахь иттех шо текхира цо набахтехь Америкехь талораш дарна а, ахчанаш дахарна а. Нью-Йоркехь оьрсийн мафин лидер ву олура иза, цул тIаьхьа Оьрсийчоьне дIавелира. Москварчу кхело бехказа ваьккхира иза шозза стаг вийна аьлла, дехкинчу бехкашна.
  • Ваганьковскан кешнашкахь дIавоьллина ву Япончик. Иза вийначул тIаьхьа Оьрсийчуьрчу криминалан дуьненан боккха тIом гIаьттира, кхин а масех гоьваьлла къуйн авторитет а вуйш.
  • "База" интернет-ресурсан информацица, талламчаша бахарехь, Иваньков вийна хилла криминалан авторитетан Симония Ильян (Махо) дехарца. Иваньковс а, Усоян Аслана а (Дед Хасан) ваьккхинера иза криминалан авторитетан даржера. Усоян вийра 2013-чу шарахь.26 шо даьллачул тIаьхьа, 2019-чу шарахь Махос юхаерзийра шен криминалан авторитетан статус.

Текстехь хила мега ша йоцуш йоцу пачхьалкх хилар дIакхайкхийначу Абхазехь лелош йолу терминологи а, топонимаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG