Владимиран кIоштарчу колонехь хан йоккхуш волчу оппозицин политико Навальный Алексейс жоьпаш делла The New York Times газетан хеттаршна. Чувоьллинчул тIаьхьа дуьххьарлера цуьнан интервью ю иза. Материалехь зорбане даьхна Навальныйс кехата тIехь дIа а яздеш, деллачу жоьпашна юкъара аларш. Навальныйн сайтехь, цуьнан агIончаша билгалдаккхарехь, делла жоьпаш а, хеттарш а оьрсийн маттахь зорбане даьхна.
Оппозиционеро дийцина Путинан а, Байденан а цхьанакхетарх, санкцех, иштта, колонехь шен дIаоьхучу денойх а, колонин белхахойн шеца муха бу а.
Навальныйс бахарехь, оьрсийн пачхьалкхан пропагандо "чIогIа эвсара" гайтина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентийн кху шарахь Женевехь хилла цхьанакхетар, Путин Владимиран триумф санна. Ткъа Джо Байден, гарехь, цхьанакхетале хьалха ша хIиттиначу Iалашонашка кхаьчна вац цкъачунна.
Оьрсийчоьнна дуьхьал Малхбузено муха санкцеш яха езара аьллачу хаттарна жоп луш, Навальныйс аьлла, Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яхарна реза вац ша, санкцеш Путинан гонна тоха езаш ю, цо ма-боххура, "Оьрсийчоьнна талораш дечарна, пачхьалкхан къам къен деш, кханенах иза доккхучарна дуьхьал яха еза".
Навальныйс бахарехь, тIехь ницкъ ца бо цунна. Иштта политико билгалдаьккхина, бIаьста хиллачуьнга хьаьжча, шен могушалла меттаеана хилар. ХIетахь мацалла кхайкхийра цо, лоьраш шена тIе битар тIедожош. Иштта цо дийцарехь, буьйсанна сама а ца воху иза, "вада тарлуш верг санна" тергоне эцна хиллехь а.
Политикех дуьйцуш, Навальныйс дIахьедина, "Путинан режим – исторехь ларамаза хилларг ду, низамашкахь хила дезарг дац" аьлла. Шен дегайовхо хиларх дIахаийтина цо, "мацца а и гIалат нисдийр ду, Оьрсийчоь Европан демократин кхиамехьа болчу некъахула" гIур ю аьлла.
- Чиллан-баттахь Москвахь кхело сацамбира Навальныйна 2014-чу шарахь бозбуанчаллаш лелорна айдина бехктакхаман "Ив Роше" дов луьстуш тоьхна хан меттахIотто. 2017-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело теллира дов, сацамбира Навальныйна нийсонца ца йина кхел аьлла. Компенсаци елира цунна. Амма Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело нийса йина лерира цунна йина кхел, ца хIоьттира сацам хийца.
- Навальный Алексей Германе кхачийра Товбеца-беттан 22-хь – иза цига вигира Омскера, "Новичок" олучу дIавшен могIарехь йолчу тIеман дIаьвшен кхачо малийна, кхетам чохь а воцуш. Германехь цунна дарба лелийла, цул тIаьхьа реабилитаци еш Iийра. Навальныйс дIахьедарш дора Германе шен лаамца кхаьчна вац ша, кестта ОЬрсийчу цIа ваха дагахь ву ша бохуш. Цо иштта дIахьедар динера ша ФСИН-е хаийтина ша кхечу пачхьалкхехь хилар а, цига ша медицинин бахьанашца кхаьчна хилар а.
- Навальный лецира, шена "Новичок" дIовш деллачул тIаьхьа Германехь дарба а дайтина, цIакхоччушехь. Москварчу Симоновскийн кхело цунна 2013-чу шарахь цIахь такха тоьхна хан набахтин хьесапе яьккхина Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран урхаллин (ФСИН) дехарца. Урхалло оппозиционер бехкевира кхело кхайкхийна хилла хьелаш лар ца дарна, амма Навальныйс иза харцдо.
- Геленджикера Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимир гIап ша таллар бахьана долуш, шена тIеIаткъам бархьама дина иза, аьлла хета Навальныйна. Оппозиционера бахарехь комиссин сацамна буха куьг яздайтина цуьнга. "МогIарчу гIароло вацара со дIасалелош хьалха а, хуьлура уллебаьхна касканашкахь, маса-тоьпашца ницкъаш. ХIинца, гарехь, когех буржалш деттар ду", – яздира шен постехь Навальныйс.
- Владимирскан кIоштарчу Покров гIаларчу ИК-2 колонехь хан токхуш ву Навальный Алексей. Ши шой, бархI буттий хан ю цо цигахь яккха езарг. Оппозиционер Навальный Алексей ша чохь кхобучу изоляторна тIехьожучу комиссино тергоне эцна лаьцначура вада тарлуш верг санна.