ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марсхьокху-беттан 20-чохь шо кхочу Навальный Алексейна тIелетта


Навальный Алексей
Навальный Алексей

Навальный Алексейна дIавш делла шо кхочу Марсхьокху-беттан 20-чохь. Томскера Москва воьдуш вара иза. Вон хиллера цунна кеманахь. Омскехь маса охьахаийра кема пилота. Цигахь кхетамчохь воцу Навальный дарбан цIийне охьавиллира.

Ши де даьлча аьтто хилира Навальныйн гергарчийн дозанал а арахьарчу клинике иза дехьаваккха. Берлине дIахьажийра политик дарба лелон. Цуьнан организмаца "Новичок" дIавш карийра. Изза дара Британехь ГРУ-н хиллачу эпсарна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлияна а делларг а.

Масех Европерчу йозуш йоцчу лабараторино а, иштта химин герз дихкинчу организацино (ОЗХО)а тIечIагIдира, Навальныйн цIийца а, хьаткъаца а карийначу холинэстеразан ингибаторан биомаркершца "Новичок" олучу хIуманах тера дакъа карийна аьлла.

Кеманашца, цIерапоштанашца Навальный дIалелачу муьрехь (шена дIовш деллачу Томске а) иза зуьйш, цунна тIаьхьабевлла ФСБ-н белхахой лелла хилар ГIура-баттахь довзийтира Bellingcat тобанерчу журналисташа а, масех хаамийн гIирсо а. Оцу ФСБ-хой хила а тарло дIовш деллачийн декъахь, царех цхьаберш бу тIеман дIаьвшаш кхуллучу институтца а, цуьнан балхаца а зIе йолуш.
Оьрсийчоьнан территори тIехь Навальныйна дIовш делла бохург а дуьллу Кремло шеконе.

Кху шеран Дечкен-беттан 17-чохь дарба лелийначул тIаьхьа Оьрсийчу вирзира Навальный. Москварчу Шерметьево аэропортехь лецира иза. ШолгIачу дийнахь иза чохь вуьтуш сацам бира. Хьалхо ТаIзарш кхочушдон федералан сервисо (ФСИН) бехке вира Навальный дозанал арахьа цо талхийна шена тоьхначу зеран хенан билламаш аьлла, кхеле дехар а деш арахь яккха тоьхна йолу хан хийцахьара колонехь хан такхийта сацам а беш аьлла.

Навальныйна гIортор еш митингаш хIиттийра Оьрсийчоьнан дуккха а гIаланашкахь.

Владимирскан кIоштарчу Покров гIаларчу ИК-2 колонехь хан токхуш ву Навальный Алексей. Ши шой, бархI буттий хан ю цо цигахь яккха езарг. Оппозиционер Навальный Алексей ша чохь кхобучу изоляторна тIехьожучу комиссино тергоне эцна лаьцначура вада тарлуш верг санна.

Навальныйна тIелатар дина шо кхочуш Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, дIавш далар провокаци яра, доллу дуьненна хьалха а Оьрсийчоьнна дискредитаци ярхьама йина аьлла.

Иштта яздо хаамехь, Навальный дIавига Германера Омске деанчу кеманахь хиллера ФРГ-н вахархо, цунах лаьцна информаци хоуьйтуш яц Берлино, шолгIа Навальныйн агIонча Певчих Мария. Министралло чIагIдо, Британин къайлахчу сервисашца иза йоьзна ю бохуш.

МИД-н хаамашца, Оьрсийчоьнан урхаллана хетарехь, Навальныйн анализех дIавш тоьхна Германехь. Омскехь лоьрашна дIаьвше хIуммаъ а ца карийнера цуьнца.

Навальныйна хетарехь, Оьрсийчоьнан къайлах сервисаш ю цунна дIовш делларш. Иштта бехкево цо шена дIовш даларна Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а.

Оьрсийчоьнан оппозиционерна Навальный Алексейна дIовш даларца доьзна Евроберто санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнан 6 хьаькамна а, цхьана организацина. Шаьш бина сацам а, санкцийн тептар а Евробертан официалан бюллетенехь зорбане даьккхина.
Ву оцу тептарехь ФСБ-н директор Бортников Александр а, президентан администрацин урхалхочун хьалхара гIовс Кириенко Сергей а, президентан администрацин арахьарчу политикан департаментан урхалхо Ярин Андрей а, тIеман министраллан гIовсаш а, президентан Сибирскан федералан гонашкара векал Меняйло Сергей а.

Оцу нахана дихкина ду Евробертан пачхьалкхашка туристаш санна бахкар, церан активаш, нагахь санна, елахь, совцор ю. Цул совнах, Евробертан пачхьалкхашкарчу бахархошна дихкина ду билгалбаьхначу санкцийн тептарерчу нахаца финансашца йоьзна юкъаметтигаш лелор а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG