ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден: Навальныйца латтош йолу ситуаци "массо а агIор харцо ю"


Шоьтан дийнахь Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена, "массо а агIор харцо ю" набахтехь мацалла латточу Оьрсийчоьнан оппозиционерца Навальный Алексейца хIоьттина ситуаци, аьлла.

"Иза чIогIа, чIогIа нийса дац", - аьлла Байдена, Навальныйн могашалла телхаш хилар хьахош журналисташа деллачу хаттарна жоп луш. Иштта хьахийна президента Навальныйна "дIовш далар, цул тIаьхьа цо мацалла лацар" - хаам бо "Американ Аз" радионо.

Хьалхо Байдена кхайкхира Оьрсийчоьнан Iедал Навальный мукъаваккхаре, цунна дIовш далар талларе, цуьнца латтош йолчу харцонца йоьзна кхайкхийра Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчуьрчу даржхошна дуьхьал санкцеш.

Кху кIиранах Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца телефонехула динчу шен къамелехь Байдена ца хьахийра Навальный. Ца хьахийра цо Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна дуьхьал "мостагIаллин гIуллакх" лелорна Оьрсийчоьнна кхайкхош йолу санкецеш а. Делахь а, Американ Москварчу векала дIахьедира, Байдена и гIуллакх айдира, аьлла.

Набахтехь шена тIе лор цавитарна мацалла кхайкхийначу оппозиционеран Навальный Алексейн могашаллах сагатдечу лоьраша социалан машанашкахула йовзийтина цуьнан цIийн анализ. Лоьро Васильева Анастасияс тоьшалла до Навальныйн цIийца калий сов хиларх – дог сацарна кхераме ду иза.

Социалан машанашкахь шорлуш бу Зазадоккху-беттан 31-чохь мацалла лаьцначу тутмакхна Навальныйна сихха медицинан гIо кхачор доьху кхайкхамаш.

Набахтехь валлочу тутмакхна медицинан гIо кхачор тIедуьллуш дIахьедар дахьийтина Путине Оьрсийчоьнан еа регионерчу парламентийн депутаташа – доккхачу декъанна "Яблоко" партин векалш бу уьш.

Хьалхо хаам баьржира, Навальныйна тIе лоьраш битар доьхуш кехат яздина дуьненна а вевзачу культуран, музыкан, исбаьхьаллин 70 шергга векало, шайлахь Нобелан литературан совгIатан пхи лауреат а волуш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG