ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный чохь Iиллинчу дарбан цIийнан коьрта лор лаьттинарг схьакарийна. Дийна ву иза


Омск-мехкан могашаллин министр Мураховский Александр схьакарийна талла вахначохь вайна кхо де-буьйса даьлча. Иза ша кхаьчна наханна тIе, хаам бина оршотан дийнахь регионан Iедалан пресс-векалто.

"Баслы юьртана гергахь наханна тIекхаьчна Мураховский. Дикачу хьолехь ву", - боху хаамехь. Большеуковский кIоштан дарбан хIусамехь зераш ду деш Мураховскийна, билгалдоккху меттигерчу Iедало.

Дождь" телеканалца телефонехула къамел деш шен майра карийна хилар бакъдина Мураховскийн зудчо а. Цо дийцарехь, цкъачунна министрна "цкъачунна ца хаьа ша лохуш мел дукха ницкъаш арабаьхна". Мураховскийн цIийнананас "Дожде" бинчу хаамца, Поспелово юьрта кхачийна иза.

Стигалкъекъа-беттан 7-чохь вайра Мураховский. Квадроцикл тIехь ваханера иза талла, Большеуковски кIоштан Поспелово юьртарчу таллархойн базера араваьлла, амма юха ца веана. КIирандиIйнахь хиина иза вайнийла. "Интерфаксо" бахарехь, шаьш лехна иза цуьнан накъосташа дийнахь-буса, ткъа Стигалкъекъа-беттан 8-чохь хаийтина полицина. Стигалкъекъа-беттан 9-чохь таллархойн базина 6,5 километр юьстах карийна министран квадроцикл, ткъа иза ша вац карийна цкъачунна.

Мураховский Александр вара стохка оппозицин политик Навальный Алексей, иза Берлине вигале, чувиллинчу дарбан цIийнан коьрта лор. Марсхьокху-беттан 20-чохь, кеманца Томскера Москва воьдуш, лазаро а лаьцна, иза чувиллинчу Омскерчу дарбан цIийнан лоьраша диагноз хIоттийра: "дегIаца кхача нийса дIаса ца лелар". Ша оппозиционер а, цуьнан го а тешна бу Навальныйна тIеман "Новичок" дIовш делла хиларх – цуьнца иза карийра тIаьхьо Европерчу лабораторешна а, Берлинерчу лоьрашна а.

Мураховский Александр Омск-мехкан могашаллин министр хIоттийра 2020-чу шеран Лахьан-бетта юьххьехь, цул хьалха оцу даржехь Iийна Солдатова Ирина балхара дIаяьккхича. Медицинан гIирс оьцуш дуккха а миллионашкахь ахча лачкъорна бехке а йина, лаца кхайкхийна ю иза.

2021-чу шарахь велла Мураховскийн гIовс лаьттина анестизиолог, реаниматор Максимишин Сергей а, Оьмскерчу дарбан цIийнахь травматологин, ортопедин декъан куьйгалхо Iийна Агишев Рустам а, дагадоуьйту "Коммерсантъ" газето.

Оьрсийчу юхавеъча лаьцначу Навальный Алексейна цхьа хан хьалха "Ив Роше" бахаьнехь тоьхна хилла хан, иза набахте а хьажош, меттахIоттийра кхело. Навальныйна хетарехь, Оьрсийчоьнан къайлах сервисаш ю цунна дIовш делларш. Иштта бехкево цо шена дIовш даларна Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а. Кремло тIе ца оьцу бехк. Оьрсийчоьнан территори тIехь Навальныйна дIовш делла бохург а дуьллу лакхарчу куьйгалло шеконе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG