ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нах хьийзор, хIаллакбар толлуш дац Нохчийчохь


Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар) дIахьедар дина, Москварчу Басманан кIоштахь йолчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан декъо таллам дIабахьале хьалха динчу зерех. Дуьйцург ду, "Новая газетан" публикацехь Нохчийчохь динчу зуламех, газетана хетарехь, Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу патрулан-хан №2 полкан (ППСП-2) полисхой декъах болуш. Талламан комитето нах лечкъорах, ницкъбарх, байарх йоллу факташ яц толлуш, "Новая газето" пачхьалкхан векалшна доцург кхоьллина хилар ду толлуш аьлла, дIахьедина бакъонашларъярхоша.

XS
SM
MD
LG