ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афганистанера шайн эскарш арадаьхна бевлла Американ Iедалхой


20 шарахь Афганистанан лаьтта тIехь латтийна шайн ницкъаш арабахар дерзийна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскаро. Пентагонехь йоьдучу пресс-конференцехь дина цунах лаьцна дIахьедар Американ ТIеман ницкъийн Коьртачу буьйраллин урхалхочо, инарлас Маккензи Кеннета.

Кабулан аэропортера тIаьххьара америкахойн тIеман-транспортан кема гIаьттина аьлла, хаам бина цо.

ТIеман министралло Твиттерехь зорбане даьккхина, Кабулехь С-17 кемана хуучу хIаваан-десантан 82-чу дивизин буьйралла дечу инарла-майоран Донахью Крисан сурт. Пачхьалкхера арабевллачех тIаьххьара салти вара иза.

"ТIеман эвакуаци ерзийна, амма Американ бахархошна а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка дIабаха бакъо йолчу афганхошна а гIо ден дипломатин мисси кхин дIа а хьош ю", - аьлла инарло.

Американ бахархойн авиацин Федералан урхалло цхьаназаманахь дIахаийтина, Кабулера дуьненаюкъара Карзай Хьамидан цIархчу аэропортехь хIаваэхула дIасалелачу кеманашна тIехь шаьш кхин дIа контрол латтош цахиларх. Кхул хьалха Марсхьокху-баттахь Американ тIемалоша шайна тIелаьцнера Кабулера гIуьттучу кеманийн жоьпалла, эвакуаци ярна хьелаш латторхьама.

Reuters-а а, CNN канало а яздо, Кабулан цхьацца йолчу кIошташкахь тIалибийн "самукъане кхийсарш" хезара, тIаьххьара Американ С-17 кема аэропортера хьалагIаьттинчул тIаьхьа бохуш.

Пентагонерчу пресс-конференцехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Блинкен Энтонис хааме даьккхира, Афганистанан шахьарахь Американ дипломатин хилар сацийна аьлла.

Цо билгалдаьккхира, хьалхо Афганистанехь болх беш хилла дипломаташ карарчу хенахь Катаран шахьарахь Дохехь болх беш бу аьлла. Кхин а Американ бахархой буьсуш бу Афганистанехь аьлла, билгалдаьккхина пачхьалкхан секретаро, "бIе гергга" стаг хила тарло аьлла, тIе а тухуш.

Кху шеран бIаьста Американ президенто Джо Байдена дIахьедира, Американ эскарш а, НАТО-н пачхьалкхийн тIемалой а карарчу шеран Гезгамашин-бутт кхачале Афганистагера арабохур бу аьлла.

  • Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь радикалан "Талибан" тобано схьаяьккхира Кабул. Бакъоларъярхоша сагатдо, тIалибаш Iедале кхаьчначул тIаьхьа овхIанхойн зударийн бакъонашна шога дозанаш деттарна. 1996-2001-чу а шерашкахь "Талибан" Iедалехь йолчу заманчохь а дара иштта.
  • ТIалибаша маса Кабул дIалаьцначул тIаьхьа хьалхарчу шайн официалан пресс-конференцехь Кабулехь «Талибанан» официалехь волчу векало МуджахIид Забиуллас дIахьедира, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш дIанисъян лууш бу тIемалой аьлла. Зударшка белхаш бойтур бу, доьшуьйтур ду, "юкъараллан хIокху сферехь жигара дакъалоцуьйтур ду цаьрга, амма исламан гурашкахь" элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG