ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра хьалхара тIом сацон барт хилла 25 шо кхаьчна


Хасу-Юьртахь бертан кехаташна куьйгаш яздар
Хасу-Юьртахь бертан кехаташна куьйгаш яздар

Тахана, Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь 25 шо кхечи Дагестанерчу Хасу-Юьртахь Нохчийчуьра хьалхара тIом сацош барт хилла. ХIетахь президентан декхарш кхочушдеш хиллачу Яндарбиев Зеламхан пурбанца, эскарийн баьччас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а машаран кехат тIечIагIдира.

Иштта, куьйгаш теIийра бертан кехатна Оьрсийчоьнан кхерамзаллан Кхеташонан секретаран гIовсо Харламов Сергейс а, Ичкерин вице-президенто Абумуслимов Сайд-Хьасана а. Цул тIаьхьа официалехь дIакхайкхийра Нохчийчохь хьалхара тIом бирзина хиларх.

Республикера арадехира Оьрсийчоьнан федералан эскарш, ткъа Нохчийчоьнна статус яларх хаттар дIатеттира 2001-чу шеран ГIуран-беттан 31-чу дийне.

2002-чу шеран Охан-баттахь вертолет духуш хиллачу катастрофехь велира инарла Лебедь Александр.

Ткъа цул тIаьхьа ши шо даьлча Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша Девкар-Эвлахь вийра Масхадов Аслан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG