Шайн махка лестачу туристашна лерина брошюра арахецна ГIалгIайчуьрчу Джейрахан кIоштан администрацино. Туристаша регионехь лело дезачух а, царна тIехь хила дезачу духарх а хоуьйтуш хьоьху "бусулба пачхьалкхашкахь лела динан ламасташ" лардар.
"Зударийн духар паргIат хила деза, тIелетта а доцуш, чекх са гуш а доцуш, коч ехха охьайолуш. ТIелетта йоьхна хеча елахь голаш тIе кхаччалц йоьхна еха туника новкъа хир яц", - яздо администрацино хIиттийначу кехаташ тIехь зударийн-туристийн духарх.
"Шорташца" арахь лелар доьхкуш ду божаршна, хIунда аьлча, "дастаме" лоруш ю уьш. ГIалгIайчохь бераша бен ца лелайо уьш, боху.
Божаршна-туристашна доьхкуш ду хийрачу зударшца къамеле бийлар а, цаьрга бIаьрбеттар а.
"Зударшка куьйг луш, салам-маршалла дала а, цаьрга бегаш бан а мегар дац", - яздо брошюрехь.
Карладоккху, стохка Дечкен-баттахь Нохчийчохь а арахийцира, туристаша регионехь лело дезачух а, царна тIехь хила дезачу духарх а хоуьйтуш кехаташ меттигерчу туризман министралло.
"ГIалийн а, яртийн а урамашкахь бусулба динан ламасташца догIу духар доьхна а, кху заманца догIучу хотIца а зударий гойла ду. Делахь а, цхьалха, маьттаза духарца лела мегар дац. Принцип муха ю хьуна аьлча: оьзда мел лела, атта хир ду царна Нохчийчохь", - аьлла, кхетийнера туризман министраллан векало туристашна лерина даржийначу документех.
Ишта туризман министралло билгалдаьккхинера, нохчийн зудабераш цигаьрка уьйзуш цахилар а. Нагахь санна, кIур ца баьккхича шаьш мегаш дацахь, цхьанна а ца гучу къайла а довлий, оза бохура.