ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхан думе кхажтасар доладелла Оьрсийчохь


Псковхь кхажтосуш бу эскархой

Тахана, Гезгмашин-беттан 17-хь дуьйна кхажтасар дIадоладелла Оьрсийчохь Пачхьлкхан думан депутаташ а, губератораш а, регионийн а, гIалийн а тIегIантIера дупутаташ а хоржуш. Кхажтасаран коьрта ду кIиранан де, Гезгмашин-беттан 19-гIа.

Уггар хьалхара харжамийн каппаш схьайиллина Чукоткехь а, Камчаткехь а.

Кхажтасар дIахьуш ду цхьана турехь, ийначу кепехь. Оьрсийчуьрчу парламентан харжамашкахь 225 депутат хоржур ву партийн тептарехула, кхин а 225 – цхьана мандатан харжаман гонашкахь.

Пачхьалкхан думан депутатийн харжамашкахь дакъалца регистраци йина 14 партина. Царна юкъахь ю КПРФ а, "Зелёные" а, ЛДПР а, "Новые люди" а, "Единая Россия" а, "Справедливая Россия - За Правду" а, "Яблоко" а, Партия Роста а, Российская партия свободы и справедливости а, "Коммунисты России" а, "Гражданская платформа" а, "Зелёная альтернатива" а, "Родина" а, ткъа иштта пенсионерийн Парти а.

Оьрсийчуьрчу 11 регионехь, шайна юкъахь Нохчийчоь а йолуш, хоржур бу куьйгалхой, 39 регионехь депутаташ хоржур бу низамаш дохучу гуламашка.

ЦхьмоггIа кандидаташ, уггар хьалха оппозиционеран Навальныйн Алекейн агIончаша ца битина харжамашка, дукха хан йоццуш тIеэцна, экстрмистийн вовшахтохаллаш лолучунна декъа болчу нахана харжамашкахь дакъа алацар доьхку низам буха а диллина.

МогIарера Думехь дукхалла хилийта партина оьшу 226 мандат, ткъа конституцин дукхалла хилийта – 300.

Парламентан харжамашкахь Оьрсийчрохь дуьххьара бакъо елла электронан кепехь кхажтаса. Коьртачу харжамийн комиссионобинчу сацамца цу хьокъехь бакъо елла Москван гIалин а, Мурманскан а, Нижний Новогородан а, Яросславан а, Курскан а, Ростовн а к1оштийн бахархошна а, ткъа иштта анесси йинчу Севастополан бахархошна а .

Кхажтасар доладалале кIеззиг хан йиссинчу хенахь Навальныйн агIончаша зорбан гIирсашкахула хьехарш дира "Хьекъале кхажтасар" (Умное голосование) проектан гурашкахь. Оппозиционеран накъосташа хьехар дира "Единая Россия" партин векал эшо алсам шансаш йолу партин векалшкахьара кхаж таса аьлла, муьлхачу партин кандидат ву иза бохучуьнга ца хьожуш.

Москвахь Пачхьалкхан думан харжамашкахь "Хьекъале кхажтасарна" гIортор йинарш бу КПРФ партин векалш, амма бу кхечу партийн кандидаташ а.

Оьрсийчоьнан Iедалшна хета Навальныйн агIончаш яржош ерг йихкина контент ю аьлла, оцу сайташна блокаш хIиттор а доьху цара. Роскомнадзора бехке йина Американ Google, Apple, Cloudflare, Cisco IT-компанеш, цара гIо деш ду "Хькъале кхажтасарна", ткъа иза Iедалша лорур ду "харжамашна арахьара юкъагIертар", дIахьедина Роскомнадзора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG