ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь кхажтасарехь ши де дIадаьлча даькъалаьцна 31,5% харжамхоша


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Пачхьалкхан думан харжамашкахь шолгIа де дIаьдаьлча къажтасарехь дакъалаьцна Оьрсийчохь (аннекси йинчу ГIирмехь а цхьаьна) 31,5% харжамхоша, хаам бина Коьртачу харжамийн комиссино. Оцу терахьна юкъахь бац электонан кепехь кхажтеснарш.

Оьрсийчуьрчу регионашна юкахь харжамашкахь жигаралла гайтарехь хьлхаяьлла ю Нохчийчоь. Цигахь, шотдийнан сарахь лаьрча, къаж тесна 73,5% харжамхоша. Кхаж таса уггар къезиг харжамхой баьхкина регион ю Хакаси – 17%.

Гезгмашин-беттан 18-хь делкъалтIаьхьа 3 сахьт даьлча лаьрча Москвахь кхаж тесна 30% сов харжамхоша, Санкт-Петербургехь и терахь ду – 16,5%.

Кхечу пачхьалкхашкара зорбан гIирсаш терагам беш бу Оьрсийчуьрчу харжамашна. Иштта Би-би-си-но билгалдоккху, федералан харжамаш дуьххьара кхаа дийнахь дIахьуш хилар. И кеп зийнера 2020-чу шарахь Конституцина тIехь хийцамаш беш. Кхажтасар хилира Оьрсийчохь коронавурисун пандемин хьалха тулгIе йоьдуш а йолуш. Кхин а масех кIира даьллачул тIаьхьа Пачхьалкхан думо низам тIеийцира кхажтасар масех дийнахь дIадахьа бакъо луш.

И низам тIецнера ун кхетарх бахархой ларбархьамма оьцу аьлла. Амма карарчу Думин харжамийн хьалхарчу дийнахь дуккха а регионашкахь кхажтасархойн раьгIнаш хIиттира, цхьа а социалан дистанци ларйеш а оцуш.

Дуьненаюкъарчу французийн радионо яздо, Францера зорбан гIирсаш къийсалуш бу кхаа дийнахь дIахьучу, официалан кепара харжамаш олучу кхажтасаран кепана билгалдар лоьхуш.

Царах цхьаъ ду – "Буьззинчу барамехь Iуналлехь болу, гIоьмаш тоьхна, догIа тоьхна оьшуш боцчу кандитаташна…"

Цкъ а ца хиллачу кепара лахара "Диная Россия" Iедалан партин рейтинг а йолуш (30% ца кхоччуш), Кремла дерриг а дина иза толийта, билгадоккху RFI-н (Дуьненаюкъара французийн радио) Москварчу корреспондента Эль Джабри Анисас.

Гезгмашин-беттан 17-хь кхажтасаран хьалхарчу дийнахь ур-аттал дуьненан гиганташ Google а, Apple а кIелтаьIира Оьрсийчоьнан Iедалша бечу Iаткъамна, шайн онлайн-туьканашкара "Навальный" аппликаци дIа а яьккхина, Оьрсийчьурча бахархой тIекхчаш йиш а йоцуш а буьтуш оппозиционеран накъосташа кечдинчу "Хьекъалан кхажтасаран" хьехаршна. ШолгIачу дийнахь "Хьекъалан кхажтасаран" бот дIаяьккхира Telegram мессенджеро, YouTube блок хIоттийра кандидатийн цIераш тIехь йолчу видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG