ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу пачхьалкхарчу нахана бераш доьзале эцар дехка дагахь бу Пачхьалкхан думин депутаташ


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думин арахьара юкъагIертарна дуьхьалоярехула йолу комисси дагахь ю "Яковлев Димин низам" (Закон Димы Яковлева), болх баран агIонаш массо а кхечу пачхьалкхийн бахархойх хьакхадолуьйтуш шордан. Цунах лаьцна яздо Свобода Радионо. Карарчу хенахь, Оьрсийчуьрчу беран да хӀоттарца доьзна и низам хьакхалуш дац Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахойх а бен.

Комиссехь кхетийна, тIаьхьарчу хенахь америкахой хилла ца Iан Оьрсийоьнан махкахойн "бух буьллчу бакъонашна а, маршонашна а тIекхидарш". Iедалхошна хетарехь, къаьсттина иза гуш дара дIабахначу харжамашкахь.

Цуьнца доьзна, "Яковлев Димин низамна" тIехь керла хийцамаш бар кховдор ду депутаташка дийцаре дайта тIебогIучу ГIадужу-баттахь.

"Яковлев Димин низам", цуьнан юззина цIе ю – "Оьрсийчоьнан Федерацин махкахойн бух буьллу бакъонаш а, маршонаш а йохийначу нахана Iаткъам барах лаьцна дан дезарг" (О мерах воздействия на лиц, причастных к нарушениям основополагающих прав и свобод граждан РФ", тIе ийцира 2012-чу шарахь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа "Магнитскийн акт" низам тIеэцарна а, цхьамогIа Оьрсийчуьрчу Iедалхошна а, Iедалан ницкъаллийн структурийн векалшна а санцеш кхайкхорна а жоп луш.

Оьрсийчоьнан документехь билгалдаьккхина ду "куьзганан кеп йолу гIулчаш яхар "бух буьллучу бакъонашна а, маршонашна а тIекхийдачарна". Американ махкахошна дуьхьал юкъадаьккхина ду, - ша аьлча, финансийн активаш лацар а, Оьрсийчу вар а, гIишлош эцар а, инвестицуш яр а дехкар а.

Оцу низамехь дакъа ду, америкахошна дехкарх лаьцна Оьрсийчуьра бераш шайн доьзашкахь тIеэца, уьш кхиор Iалашонца, масала, шайн махкахь дарба каро аьтто боцу заьIапан бераш доладахар. Оцу меттига шуьйра дискусси эккхийтира Оьрсийчоьнан юкъараллехь, ткъа яккхийчу гIаланашкахь хилира дуьхьалонан акцеш.

Москвахь и документ тIеэцарна дуьхьал вовшахкхеттачу демонстраце араваьллера 60 гергга эзар стаг. Масийтта эзар стага петицина кIел куьг таIийнера оцу низамна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG