ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германерчу харжамашкахь социал-демократаш жимма хьалхабевллла Меркелан партел а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Германехь хиллачу парламентан харжамашкахь толам баьккхина Германин Социалан-демократин партино. Цо гулдина 25,7 процент кхьжнаш. Цуьнан коьртачу къийсархочунна СДПГ - Керстанийн-демократин бертан а (ХДС), Керстанийн-социалан бертан (ХСС) а блокана делла 24,1 процент кхаьжнаш.

"Барт-90/"баьццарнаш" партина гIортор йина 14,8 процент харжамхоша, Маьрша демократин партина деллачу кхаьжнийн терахь ду 11,5 процент. "Германина альтернатива" партино гулдина 10,3 процент кхаьжнаш. Карарчу хенахь болчу хаамашца, парламенте кхача мега 5 процент харжамхоша хаьржина Аьррохьара парти.

Германин Iедал хоржуш нисло коалицин бухтIехь. ТIаьхьарчу 16 шарахь министрийн кабинетан коьртехь яра Керстанийн-демократийн барт партин куьйгалхо Меркель Ангела, ткъа тIаьхьарчу 8 шарахь ХДС/ХСС коалицин жимахболу накъостий бара социал-демократаш (гранд-колаци).

Меркель Ангелан ХДС партин лидера Лашет Армина хIинцале а дIахьедина, шина партех лаьтта коалици кхолла кийча ву ша аьлла.

Коалици кхуллуш дийцарш еххачу хенахь дахлуш Iедал ду Германехь. Уьш дерззалц, мехкан канцлер юьсур ю Меркель Ангела.

Немцойн зорбан-гIирсаша бинчу хаамца, цкъа а цахиллачу кепара дукха харжамхоша кхаж тесна хIокху харжамашкахь почтехула. Церан терахь хила мегаш ду 40 процент. Коьрта бахьана ду – COVID-19 пандемия.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG