ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилис чIагIдо, ша Гуьржийчу юхавирзина хилар


Саакашвили Михаил
Саакашвили Михаил

Гуьржийчоьнан хиллачу президента Саакашвили Михаила чIагIдо, ша Гуьржийчу цIавирзина, цунна дуьхьал махкахь бекхтакхаман гIуллакхушкахула бина сацамш боллушехь. Цунах лаьцна хаам бина Свобода Радионо.

Саакашвилин фейсбукерчу агIонехь видио гучуяьлла, ша Батумехь ву, бохуш къамел деш Саакашвили а волуш. Цо кхайкхам бо нахе ГIадужу-беттан 2-чу дийнахь хин болчу харжамашкахь дакъалаца дуьйла бохуш.

Видео дIаязйина ю буьйсанна. Цу тIехь гуш йолу гIишлош тера ю Батумерчу хIордан йистехь йолчерах.

Видео зорбане яккхале Саакашвилис яздинера: "Iуьйре дика хилла хьан, Гуьржийчоь, 8 шо даьллачул тIаьхьа". Хилла президент махка ванза дара 8 шо.

ТIаьхьара шераш Малхбузенехь а, Украинехь а даьккхина волчу Саакашвилис хьалхо дIахьединера, ша Гуьржийчу цIавоьрзур ву меттигерчу Iедалан органашка харжамаш болчу дийнахь, ГIадужу-беттан 2-хь сарахь аьлла. Цо сурт зорбане даьккхинера оцу дийнахь цIаваха ша эцначу кеманан билетан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG