ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Иза билггал балхаца доьзна ду". Соьлжа-ГIалара бакъонашларъярхо – кадыровхой бахкарх


Аламов Мохьмад

Нохчийчоь шайн дIатаса дезнехь а, цуьнан дахарехь дакъалоцучу нехан даймахкахь бисинчу гергарчарна тIе ницкъхой эхар ца хеддаш лаьтта сурт ду. Хьалха ницкъхоша Iедалца билггал гамбелла бехачу оппозиционерийн гергарнаш лебора, ткъа хIинца уьш "Iазапна дуьхьалоечу комитетан" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочун Аламов Мохьмадан гергарнаш болчу бахна.

"Нохчийн республикерчу полицин белхахоша суо тидаме эцнийла а хууш, дIахьедо ас, вац со низамо доьхку гIуллакх лелош, цигаьрка узуш а вац, молуш а вац, наркотикийн балаболуш а вац, цхьа зулам бахьанехь сан цIе яьккхина яц цкъа а", – яздина бакъоларъярхочо шен Фейсбукерчу агIонехь масех де хьалха.

Кавказ.Реалиина интервью луш Аламовс дийцира, стенна бахана хила тарло ницкъхойш шен цIеранаш болчу, хIунда нийса дац оппозиционеррий, бакъоларъярхой цхьана могIара хIотто.

– Довзийтахь хилларг ма-дарра

– ДIадахначу шоьтан дийнахь сан да-нана долчу [Аьрга-Хишка] кхо стаг вахана: цхьаъ – полисхочун духарахь, важа шиъ – массара а лелочу духарахь. Со хиттина. Дас-нанас, стенна оьшу со, хаьттича, шаьш нах багарбечу барамехь дакъалоцуш ду, аьлла, дIаязйина сан телефон, со веха меттиг, гергарчех йолу информаци. Амма тхан урамехь кхечу нахе уьш бахана а бац. Баьхкинчех цхьаьннан тептара тIехь сан гергарчарна хааелла ЛулаевгIеран фамили – тIемало хилла аьлла, доьзалера кIант вийна юьртахой бу уьш. Церан цIа дагийра масех шо хьалха.

– Уьш стенна баьхкина аьлла хета хьуна?

– Шеко а яц, ас бечу балхаца доьзна.

– Ткъа билггал аьлча? Масала, болийна хила тарло ахь царна товш боцу керла таллам

– Хаац, даима тхаьш дийрриг до ас балха тIехь. Тепсуркаев Салман лачкъийначул тIаьхьа доьза варах йолу материал ю тхан юристаша луьстуш. Ду Умаров Мовсар оццу кепехь варах долу кехаташ а. Материалаш Нохчийчуьра хилла ца Iа, ерриг а Къилбаседа Кавказах хьакхалуш ю. Ца хаьа суна, муьлхачу материалца доьзна суо охкуш ву.

– Ницкъхой дуьххьара бахана хьан цIа?

Iалашо, ас кхеторехь, цхьаъ ю – тхоьга Нохийчохь болх цабайтар

– ХIан-хIа. 2016 шарахь а хилла уьш сан хIусамехь – хIетахь со чохь ца нисвелира, зуда а, бераш а дара цIахь. Ши стаг веъна хилла, тхуна бухарчу петаран да лоьху шаьш аьлла. Ткъа нийса хир дара цара шаьш лоьхург цуьнан гIат тIехь бехачу лулахошка хиттинехь, со волчу хьала а ца бовлуш. Цу тIе, и нах даима а лелара Iаьржачу "Тойоте-Камрица" (кадыровхошкахь дукха хьолехь хуьлу машенаш ю уьш –ред.), зудчунна герз ца хааделла цаьргахь, амма битамаш полисхойн хилла.

– Хьуна хетарехь, муьлхачу Iалашонца лела уьш?

– Iалашо, ас кхеторехь, цхьаъ ю – тхоьга Нохийчохь болх цабайтар. Нохчийчоьнца бозалуш болу вон хиламаш тхоьга ца таллийта. Кхийолчу республикийн бала а бац церан тергонехь, суна хетарехь.

– Иза хIинца довзийта ахь стенна бина сацам?

– Суна хаьа, муха боьрзу цара тIебогIийна тидам [Нохчийчуьрчу ницкъхой], цундела из массарна а хаийта лаьа суна. Мелхо а оцу нахехьа ду вист ца хуьлуш мел Iан.

– Хиламо шун "Комитетерчу" кхечу белхахошка сагатдойтий? Шун а ду шайлахь кхерамзалла латторна тIехьажийна низам – иза хIинца чIагIдан оьшур дуй?

– Бакъду, оцу визито массо а ойлане баьхна, Къилбаседа Кавказехь иштаниг муха доьрзу хаьа тхуна: уггаре хьалха хила тарлург тхуна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттор ду. Стаг хилчхьана тоьу – цунна тIебахьа бехк а, бахьанаш а карош ду. Мухха а делахь а, оха ойла йина хIуманаш ду уьш, кхерамзаллин хьокъехь кечдина протоколаш ду тхан тхайн, инструкцеш ю, оха уьш лар а йо. Делахь а, дерригенах лар ца валало.

– Хьан тидам хиллий, тIаьххьарчу кIиранашкахь ницкъхоша жигардаьккхина Iедалхошна товш боцчу нехан хIусамашка эхар? Уьш дукхаза а хилла Закаев Ахьмадан гергарчаьргахь, кхаьчна Солтыханов Iелам-Пашин, Абдурахманов Тумсон гергарчарна тIе …

– Тидам бина ас. Амма оцу наха парггIат, лечкъаш а боцуш, критика йо Кадыровна, цуьнан балханна, гонна. Тхан "Комитето" критика ца йо, хьаькамаша адамийн бакъонаш талхор тергалдо оха. Тхо блогераш дац, Iедална дуьхьаллаьтта оппозиционераш дац, тхуна тхешан балха тIехь юкъарло оьшу Iедалца, гIерта цаьрга, церан структурашка адамийн бакъонаш ца талхаяйта, гIалаташ шайгга дIанисдайта.

– Ахь ма-баххара тIеоьций цара шу, мостагIий а ца лоруш, хиллий иштаниг цкъа а?

Со воьлла ойла ю, Iуьйранна араволуш, сарахь суо чу ца кхача а тарло боху ойла

– Иза ду-кх новкъадерг, тхо цара мостагIий ларар, ткъа хIораниг а кхетийна а ма ца волий – тхан офисех цIерш а тийсина, йоха а йина. Iедална ца тов шех бозуш боцу бакъоларъярхой, ца лаьа цара "хIун ю а хууш йоцу" адамийн бакъонаш талхор тIехдетташ.

– Мел хан ю хьо бакъоларъярхо волу?

–2006 шарахь дуьйна ву, шина шарна бен юкъах а ца ваьлла. Кхойтта шо хуьлу-кх.

– Хьо уггаре халчу регионехь ву, мел кхераме ду хьуна кхузахь?

– Цхьа доза а хIоттош, бусталур бац соьга и кхерам. Хан мел ели а вулу стаг дерригенах а. Со воьлла ойла ю, Iуьйранна араволуш, сарахь суо чу ца кхача а тарло боху ойла.

– Ткъа стенна ца буьту ахь болх?

– Цхьаммо бан безаш ма буй хIара. Ахь лоьре хьайн лазарх лаьцна дуьйцуш ца хилча, цо муха хIоттор ю хьуна диагноз? Проблемаш листа еза, царех лаьцна дийца деза. Ца дийцахь, кеп лелор бен ца дуьсу, дерриг а дика ду, бохуш.

– Нохчийчохь хьал гIоьртина лаьтта, буй цигахь бакъоларъярхой хила лууш нах?

– Суна иштанаш ца хаабелла. Масех стаг-м ву тхан белхан бала кхочуш. Дукха хан йоццуш ваканси кхайкхийра оха, нохчашкара а даьхкира кехаташ а, резюме а, Талламан комитетехь, полицехь болх бина нах а бара царалахь. Цхьацца бахьанашца, ца мегира уьш тхуна. Ярташкахь, гIаланашкахь гIодеш нах а бу, цхьацца хIума хатта йиш хуьлу цаьрга. Царна лаьа тхоьца болх бан, хIунда аьлча, адамийн бакъонаш ларъеш ца хилахь, кхолалур яц доьналла долу юкъаралла.

Гезгамашин-бутт болалуш, Нохчийчуьрчу куьйгаллин Закаев Ахьмадца керла дов иккхича, ницкъхой буьйлабелира Ичкерин арахьарчу куьйгаллин лидеран гергарнаш болчу эха. Ша Закаев Лондонехь веха. Шозза лецна цуьнан цIийнан нах Iедало – цкъа тIедожийна политик емалвеш видео чухула бистхилар, шозлагIа – церан мобилан телефонаш зен.

Хилла ницкъхой Закаевн гIовсан Солтыханов Iелам-Пашин цIахь а – гергарчарлара божарий дIагулбеш. Цо хьалхо дехнера Нохчийчуьрчу Iедалхошка доцчу бахьаница наханна чIираш кхайкхор дитар.

ЧIир кхайкхийна герзашца веъначу 30-ттех стаго Швецехь вехачу оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон ненахошка. Абдурахмановс маьттаза лору зударийн агIор гергарлонехь болчу наханна и тайпа кхерам тасар.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG