ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн критикаш "дIасовцон" баьхкинарш лецна Истанбулехь


Истанбул
Истанбул

Итанбулан полицин терроризмца къийсам латточу урхалло а, Туркойчоьнан Халкъан талламийн хьукмато а, шаьш махка арахьара чувеъна ялх стаг лаьцна, уьш шпионаш хила тарло, хаам баржийра ГIадужу-беттан 9-чохь. Герз а, патармаш а даьхна цаьргара, лаххара а цхьаьнгахь карийна Оьрсийчоьнан паспорт. Де даьлча дIахьедира, лецнарш берраш а нохчий а бу, царех цхьанна Кадыровн режимо ша емалъечаьрца "къестамаш бан" бакъо ела а хилла, аьлла.

Истанбулера нохчийн диаспора сема хила декхарейо баьржинчу хаамо. Нохчийчуьрчу Iедалан оппоненташ дуккха эгна оцу гIалахь. Оцу могIарахь ву 2008-чу шарахь вийна Эдильсултанов Хьаьжа а, Джанибеков Ислам а. Церан декъахь ву Асаев Iела (Муса) – 2009 шо, Мусаев Берг-Хьаьжа, Альтемиров Рустам, Амриев Зоврбек – 2011 шо, Унлю Медет – 2013 шо, Эдельгериев IабдулвахIид – 2015 шо, Исрапилов Руслан - 2016 шо.

Туркойн Iедало лоьцура нохчийн байъина хила тарлуш болу нах. Уьш хуьлура Оьрсийчуьра, я цуьнца зIе йолуш – декъахь юйла гора ФСБ.

Кху болехь Итанбулера шайн махкахой хIаллакбан баьхкина нохчий лецар дузу шина стагца. Уьш бу оппозицин блогер, Нохчийчуьрчу Iедлан критик Халитов Хьасан а, Шемарчу "Аджнад ал-Кавказ" жамаIатан амир Iабдулхьаьким Шишани (Ажиев Рустам) а.

Халитов Хьасан
Халитов Хьасан

И ши стаг вовшашца цхьана а кепара зIе йолуш вац. Халитов вийца ваьккхира Гуьржийчуьрчу тележурналиста Габуния Георгийс Путинах лаьцна эфирехь маьттаза дош аьллачул тIаьхьа Тбилисе иза вен стаг хьажийча. Нохчийчуьрчу Iедалхоша Халитовна бехкедира гуьржийн къайлахчу сервисехьа валар а, Габуния вен новкъарло яр а. ХIетахь Халитовна дIовш дала гIоьртира Гуьржийчу хьажийна зуда – цо ша дIабийцира Халитовга ша арабаьккхина некъ. Цул тIаьхьа Халитовс дIатесира Гуьржийчоь, дехьавелира Туркойчу.

Туркойчохь дукха ца вехира иза гучу ца волуш. Гезгмашин-баттахь цунна бехкедира Истанбулехь Кадыровн агIончинна Арсанукаев Ахьмадна тIелатар. Йиттича, Нохчийчу дIавахара Арсанукаев, шена зен дарна Халитовна чIир кхайкхийра цо махкарчу пачхьалкхан телеканалехула. Хилларг туьдуш, Халитовс бехкейо Кадыровн агIо ша вен гIортарна: цунна атта хир ду дийриг дича, зулам махкахь тIех вевзаш а воцчу полисхочунна Арсанукаевна тIехьарчо, аьлла хета Халитовна.

Ажиев (Iабдулхьаьким Шишани) – оппозицица юкъарло долуш вац, Шемарчу тIеман декъашхо ву. Цуьнан жамаIатна Шемахь тIемаш бечу террорхойн "Ал-Къаида" тобанца (магийна яц иза Оьрсийчохь) уьйрахь хилар бехкедо, цуьнан "Аджнад ал-Кавказ" тоба цкъа а кхечу дакъошна юкъайоьдуш хилла йоццушехь – йозуш йоцу жамаIат хилла лаьттина иза. Шемарчу тIеман а, жихIадхойн а ламасташкахь иза ду Аджиевс цхьанна байIат а ца дина, кхечу тобанашна юкъахь а ца хилла иза бохург.

Ажиев Рустам (аьрр)
Ажиев Рустам (аьрр)

Нохчийчуьрчу Iедалхойн дов иккхина цуьнца Арсанукаевна еттарца иккхина инцидент бахьанехь. Арсанукаевс дийцарехь, Халивтовгахула цхьаьнакхетта цуьнца Ажиев, тIедожийна Нохчийчуьрчу Iедална Туркойчуьрчу нохчех лаьцна йолу информаци лехьор дитар.

Истанбулехь ГIадужу-беттан 9-чохь Оьрсийчуьра баьхкина нах лецча, цаьргара герз даьккхича, Туркойчуьрчу нохчийн диаспоро дIахьедира, и нах шайна зуламна баьхкина, аьлла. Халитовс дийцарехь, киллеран болх дIабахьа Туркойчу баьхкинчех цхьанна цIе ю Беслан, амма цунна иза хилла вевзаш Изновр цIарца. Официалан информацица, кхо тапча яьккхина лецначаьргара, цхьа тапча хилла шеца тата лахден гIирс а, лазеран турмал а йолуш. Даьхна оцу нахера дуккха а патармаш.

Нохчийн оппозицин 1ADAT телеграм-канало бахарехь, лецнарш зIенехь бу Дукузов Казбекца – Америкера журналист Хлебников Пол а, Нохчийчоьнан вице-премьер Сергунин Ян а верна бехкевеш хилларг. Туркойн полицино лецнарш махка бахкар дузу Нохчийчуьрчу куьйгалхоша шайна критика ен нах хIаллакбийр бу бохуш дечу дIахьедаршца. 1ADAT канална хетарехь, киллерш арабовлар а, Кадыровн режим емалъярна критикаш бойъур бу аьлла, Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама тийсина кхерамаш а юкъахь зIе йолу хиламаш бу.

Туркойчу баьхкина нах Ажиев а, Халитов а вен бохкуш хилла бохург шеконе а ца дуьллу цигарчу нохчийн диаспоро. Кеп-кепара бу Нохчийчуьрчу Iедалхошна и гIуллакх кхочушдарна луш хилла бохуш дуьйцучу ахчан барам: Халитовх - 300 эзар долларе кхаччалц, Ажиевх – массийтта миллион доллар. Ахчан башхалла юзу шолгIаниг вер Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисна оьшуш хиларца.

Европерчу пачхьалкхашца дуьстича, Туркойчоьнан кху муьрехь аьтто баьлла зуламна духьалхIотта, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна критика ен нах ца байъийта, оцу Iалашонца веъна 6 стаг дIалаца, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица къамел динчу стратегин анализан Центран а, Юкъерчу Европин институтан а эксперта Баранец Томаша.

"Европерчу институтийн некъаш бу Оьрсийчоь и тайпа зуламаш сацорехьа кхайкха, амма, гарехь, лаам бац оцу институтех пайдаэца", – аьлла хета экспертна.

Прагерчу дуьненаюкъарчу зIенийн Институтан Iилман директор, Кавказан эксперт Аслан Эмиль тешна ву, Оьрсийчоьнна, цо дечу зуламашца доьзна, арахьарчу институташа тIеIаткъамаш бора аьлла, само малъян йиш яц Кадыровн режим емалъечу критикийн.

"Иза сацалур долуш дац, цхьа а вац Оьрсийчоьне, цуьнан къайлахчу ницкъийн агенташа нах байъара аьлла, критикаш хIаллакбора аьлла деха ма-дезза жоп доьхуш. Малхбузерчу элиташна доьналлин ирхе ларалуш ду иштаниг нисделча Москван юхьъяккхар, дипломаташ дIахьовсор, Скрипальна дуьхьал дина зулам, Британин-Оьрсийчоьнан дипломатин конфликт дагалоцур вай, ца дира хIумма а. Дерг лела дуьхьало еш яцарна", – боху Аслана.

Цо дийцарехь, Москвано дипломатийн дIахьедарш лергах ухьуш а дац– "уьш боьлу царех".

Дагалоцур вай Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан гонна а критика ярна дуьхьал дина зуламаш.

2009 шарера схьа Европерчу мехкашкахь (Германехь, Францехь, Австрехь, Украинехь) вийна 6 мухIажар: Исраилов Iумар, Махаури Тимур , Окуева Амина, Хангошвили Зеламха , Алиев Iимран и Умаров Мамихан. Исраилов а, Умаров а веран хьокъехь бен йина яц кхел, чубоьхкина бац зулам кхочушдархой. Хангошвили верах йолу кхел чекхъяланза ю. Ткъа мила ву и зуламаш дайтинарг? Церан цIерш талламо йохуш яц, лар Оьрсийчу кхочуш йоллушехь – билггал аьлча, Нохчийчу.

2020 шеран ГIадужу-баттахь Финляндин полицино теллира цигахь вехачу нохчийн блогерна Ломаев Мусана кIелоярх долу гIуллакх.

Оццу шарахь тIелетира опоозицин блогерна Абдурахманов Тумсона. Зулам динарг а, цуьнца юкъарлонехь хилла зуда а набахте хьажийра. Амма кхелан аьтто ца белира зулам Нохчийчуьрчу Iедалца доза.

Австрера низамхой бу кхушеран аьхка блогерна, Кадыровна критика еш хуьлучу Магомадов Сайд-Хьусайнна кIелояр толлуш.

ХIинца Туркойчохь зуламхой хила тарлуш берш лецаран хьокъехь цигарчу Iедало комментари яц еш. Цунах лаьцна Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралин пресс-векала Захарова Марияс аьлла, шен хьукмат "тергалдеш Iа Туркойчохь Оьрсийчоьнан паспорташца хилла нах лецар".

Билгалдаккха деза, Туркойчуьра нохчий реза бац шайн даймахкахь Iедалера юьйлу харцонаш шайн тидамера яха. Ши бутт хьалха Туркойчохь веха масех нохчо вовшахкхийтира шайна даймахкахь туьйсучу кхерамашна цхьаьна дуьхьаллатта, шаьш-шайн а, диаспорин векалш а кадыровхойх а, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан агентех а Iалашбан. Вовшашца уьйр латтайо цара телеграм-каналехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG