ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Моцартан а, Димаевн а мукъамаш Соьлжа-ГIаларчу урамашкахь


Соьлжа-ГIалахь ехаш йолу Джабраилова Нона 15-шо долу къона музыкант ю. Карарчу хенахь Соьлжа-ГIаларчу филармонехь, симфонин оркестрехь болх беш ю иза. 5 шо долуш дуьйна Iад хьокху пондар Iамо дIаеллера иза дас-нанас. Магомаев Муслиман цIарахчу корматаллин къоман мукъамийн школехь дешна цо. 10 шо ду Нонас Iад хьокху пондар лоькху. Шен мокъа хан хилча, Соьлжа-ГIаларчу проспекте йолу иза, урамашкахь лелачу нахана шен похIма гайта. ТIейогIучу хенахь кхиаме пондарча хила лууш ю йоI

XS
SM
MD
LG