Гуржийчуьрчу кIоштийн харжамийн шолгIачу декъо ца белла бахархойн политикан сатийсамна синтем – шегара "лечкъийна харжамаш" юхаберзо лерина ю оппозици, яздо "Эхо Кавказа" сайта. Iедал карахь латточу партино кхерам туьйсу оппонеташна, дIабохур бу, боху, цаьргара оппозицино цхьацца муниципалитеташкахь баьхна толамаш.
Беха а, хала а хинболчу къийсамашна кечлуш ю гуьржийн оппозици – Тбилисин центрехь Лахьан-беттан 6-чохь хир ю протестхойн шуьйрра акци. Юхьанца барам карарчу беттан 7-чу денна кечбеш бара, амма оппозицин дукхахйолчу партийн векалша къобал ца дира и де. Масала, "Хан тIекхаьчна" цIе йолчу боламан лидера Хоштария Эленина ца лаьа Лахьан-беттан 7-чохь гулам хилийта.
"Кхузахь къесто оьшуш хIума дац, маггане а мегар дац акци Лахьан-бетта 7-чохь хIотто. Кхеташ ду, со суо яц и де билгалдоккхург, "Къоман боламо" къасто деза иза. Соьга хаьттича, шеко а яц, барам Лахьан-беттан 7-чохь хила ца беза. Хила тарло 6-чохь я 8-чохь", – дIахьедина Хоштарияс.
Билгалдаккха догIу, Лахьан-беттан 7-гIа де таханлерчу Гуьржийчоьно кIезиг дузу большевикаша 1917-чу шарахь яьккхинчу революцица, 2007-чу шеран оцу дийнахь лелла хиламаш бу бахархойн иэсехь. ХIетахь президент волчу Саакашвили Михаилан Iедало сацам бира Тбилисера маьрша гуламаш ницкъаша бохо. Ткъа оппозицин "Имеди" телеканалан цIенна чулилхира Iедалан ницкъхой. Доцца аьлча, "Къоман боламо" оцу бахьаница протестан гулам де хьалха дIабахьа къастийна.
Бакъду, оппозицин векалех массо а вац "Къоман боламо" политикан къовсам урамашка баккхар бIегIийла лоруш а, оцо толам бохьур бу аьлла хеташ а. "Бахархой" партин цIарах парламентехь спикер лаьттинчу Иоселиани Леванна хетарехь, оппозицин коьртачу партина ницкъ тоьар бац урамашкахь "Гуьржийн сатийсаман" агIончашна дуьхьаллатта.
"Гуламашкахула протест латто бакъо массо а партийн ю, амма вайна хаа деза ваьш билггал стенна хIуьтту гуламе. Адам тайп-тайпана долчу Тбилисехь хала хир ду харжамашкарчу харцонех льацна дийца, хала хир ду чекхбевлла харжамаш стенна бац низамехь бохучух нах кхето. Вайна дуьззина жоп хууш хила деза оцу хаттарна. "Къоман боламо" тахана долийначо харжамийн жамIаш хийца аьтто лур бу аьлла ца хета суна. Соьга хаьттича, харжамашкахь тоьллачара вовшийн декъал а беш, эшнарг къера а хуьлуш дерзийта дезара хIара. Юкъаралла вуно чIогIа кIадъелла харжамашкахь харцонаш лелла баха. Оцу гуламо хуьйцур дац хьал. Иза хийццал дукха бац "Къоман боламан" агIончаш", - боху Иоселианис.
Делахь а тешна бу "Къоман болам" урамашкарчу протесташа жамI дохьург хиларх а, ша хьал керлачу харжамашка кхачориг хиларх а. Муниципалан харжамийн шолгIа мур боьрзушшехь масех депутато дIахьедина, шаьш мандаташ охьадохку аьлла. Царалахь бу "Лело Гуьржийчоьнна" а, "Гирчи – алсам маршо" а партийн лидераш Хазарадзе Мамука а, Джапаридзе Зураб а. Царна тIаьххье парламенташкара дIавахна масех политик – легитимехь яц низамаш кхуллу керла хьукматаш, дIахьедо цара.
Iедалан партино доккха зен ца лору оппозици шена хетарг ала урамашка ялар. "Гуьржийн сатийсаман" инарла секретарь, керла хаьржина Тбилисин мэр Каладзе Каха, цо ша бахарехь, хьалха хьоьжуш веха, оппозици дIадахначух тийсалахь а:
"Боламаш – иза церан гIуллакх ду. Бакъо ю церан гуламашка бовла. Коьртаниг низаман гураш ца бохор ду. Сох дерг аьлча, со гIуллакхаш дан кийча ву, шахьарарчу проекташна ас берриг сайн ницкъ дIалур бу, тIетIаьIIина къахоьгур ду тIедогIучу деа шарахь".
Оппозицига дIахьедарш дина Iедал шен карахь латточу партино. Нагахь санна резабоцурш мунипалитетийн болх юкъахбаккха дагахь белахь, иза чекхдер дац, шаьш низамах пайда а оьцуш, тIеоьшу депутаташ кхин а цхьана харжамашкахула къастор бу, боху "Гуьржийн сатийсаман" векалша. Иштта аьлла, масала, оцу партерчу Кадагишвили Ираклийс:
"Дукхахболу депутаташ "Гуьржийн сатийсамера" боцчу масех сакребулохь тхуна ши некъ буьсу – оха меэрашний, сакребулоний юкъара уьйр чIагIйийр ю, цхьацца гIуллакхашца а юзуш. Нагахь санна барт ца карабахь, масала, бюджет тIе ца эцалахь, низамо бакъо ло керла мэр а, гIалин кхеташо а харжа. Цундела оха тергамехь латтор ду оцу масех муниципалитетера хьал".
Тидам шена тIеберзош бу дуьненаюкъарчу тергамчаша харжамийн хадийна мах. Европан Кхеташонан Гуьржийчуьрчу векалто халахетарца дIахьедина, харжамийн шолгIа муьран халкъан аьттонашна новкъарло еш чекхъяьлла, аьлла:
"Хьалхара мур бирзича оха элира, Гуьржийчоьнан зеделларг дозадала йиш яц ирчачу гIулчашца. Тхуна халахета харжамаш, оцу маьIнехь аьлча, пайданца цабирзина".
Европан Кхеташонан векалтерчу тергамхойн тобано билгалдоккху гуьржийн юкъараллехь негативан риторика чIагIъялар, харжамхошна тIеIаткъамаш бар, кхерамаш тийсар, Iедалан партино низамехь а доцуш карарчу Iедалан ницкъах шена аьтто бар. Оццу маьIнехь ду Американ Цхьанатоьхначу Штатийн векалто дина дIахьедар а:
" ОБСЕ/БДИПЧ хьукмато къастийна мах тхуна а хета нийса, харжамаш гIеххьачул паргIат дIабахара, дика вовшахтоьхна а бара. Амма аьрзнаш ду нах кхерош, царна тIеIаткъамаш беш меттигаш яра аьлла. Оцу хьоло негатив а йиллина харжамашна юкъа. Таронаш цхьабосса яцаро, Iедалехь болчу нехан аьттонаш низамца ца догIучу кепехь совбовларо къастийна жамIаш".
Тбилисин дуьненаюкъарчу партнераша хадийна мах иштта бу: харжамаша гайтина демократи юкъ-кара бен лелаш боцу гIирс хилар. Амма демократино декхарево массо а дуьненаюкъарчу стандарташца лела, адамийн бакъонаш цахеддаш, сема ларъян. Гуьржийчоьнан политикан лидерша харжамийн жамIаш цIенна гучудоху гIулчаш ехира кху шеран юьххьехь – кхаьжнаш лакхарчу технологийн, компьютерийн гIоьнца багарбар. Оцо хила тарлуш йолу шеконаш дIаехира. Амма и прогресс талхош хааделла кху харжамашкахь – низамаш хьошуш, адмашна парггIат кхаьжнаш тийса новкъарлонаш еш гина харжамашна кечлучу а, дIахьочу а деношкахь.
Муниципалитеташка депутаташ хоржуш яра Гуьржийчоь ГIадужу-беттан 30-чу дийнахь. 20 мэр вара къастош – Тбилиси, Батуми, Кутаиси, Поти, Рустави гIаланашкахь, кIошташкахь хоржуш бара низамийн кхеташонашка (сакребуло) депутаташ. Харжамийн Коьртачу Комиссино бахарехь, Iедалехь йолу "Гуьржийн сатийсам" парти тоьлла 19 гIалахь. Оппозицино толам баьккхина Цаленджиха гIалахь.
ХIара материал зорбане яьлла "Эхо Кавказа" сайта тIехь.