ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно космосехь ракета зийна, шайн спутник а йохош


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Американ Пачхьалкхан департаменто критика йина, латтана тIехула орбитехь, шайн цхьа спутник а йохош, Оьрсийчоьно ракета зерна. Пачхьалкхан департаментан пресс-секретара Прайс Неда хаам бина, зер бахьана долуш "тидамехь латторан нехийн" 1500 эзар кийсиг кхоллаелла аьлла. Цунах лаьцна хаам бина ABCnews телеканала.

Хьалхо оршотан дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн ТIеман ницкъаша дIахьедира, "космосан нехаш кхоьллинчу" оцу хиламах лаьцна хиъна шайна аьлла, ткъа цхьана официалан хьастано дIахьедира, Оьрсийчоьно, гарехь, зийна спутникан дуьхьал долу герз аьлла.


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Космосан буьйранчалло дIахьедина, шаьш жигара болх беш хиларх лаьцна, кийсигаш билгалйохуш.

Стохка Охан-баттахь (апрель) Оьрсийчоьно зийра спутникашна дуьхьал йолу ракета, космос кхин а алсам ладаме меггиг хуьлуш ю тIом барехь аьлла.

Комосехь лелачу аппараташна дуьхьал хьажийначу ракетийн зераш дIахьуш ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа 1950-гIа шераш чекхдолуш дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG