ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехкебинарш я кхераме зуламхой? Гуьржийчохь кхел ю паьнгазхошна тIехь ян йолош


Паьнгаза

КIира дисина Гуьржийчуьрчу Паьнгазан пхеа вахархочунна тIехь кхел йолон. Уьш бехкебо терроран тобанахь леларна. Стенга кхаьчна, хIун башхаллаш ю бехктакхаман гIуллакхан хаийтина дац я гергарчарна а, я бакъонашларъярхошна а. Бехк беккъа дIа тIекхоьллина хила тарло, аьлла хета царна.

Товбецан-беттан 24-хь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло Паьнгазан чIажарчу Дуиси а, цунна уллерчу Корети а ярташкахь лийцира меттигера бахархой Мачаликашвили Мохьмад, Цатиашвили Юсуф, Багакашвили Хьамза, Кавтарашвили Рамаз, Маргошвили Рамаз. Уьш вовшийн бевзаш бу бераллера дуьйна схьа, ду 18-20 шераш. Цаьргара мобилан телефонаш а, компьютерш а дIаьяхна Iедалхоша. Амма герз ца карийна цхьаьнггахь а.

Кавтарашвили Рамаз, цуьнан дас Iелас дицарехь, "дика кIант", олий, "массо а агIор хастош" хилла юьртахоша.

"Спортаца жима волуш дуьйна а, массарна гIодеш а вара иза. ТIаккха лазийна, челакх висира. Цхьа тоьшалла ду ницкъхойн дерриг а – телефонехула цо дина къамел. Ткъа иза кхеташ дац, бегаш бу бинарг цо шен къамелехь я дерг ду. Бакъду, ламаз деш вара Рамаз, маьждиге лелара. Оцу мила цецвоккхур ву? Рамаз цхьана а Шема я Туркойчу а ваха цкъа а дог хилла вац, иза Гуьржийчуьра ваьлла ваха лерина вацара цхьана а метте. Паьнгазахь бизнес лело дагахь вара иза. Цуьнан накъостийн дагахь дерг а дара изза", - боху дас Iелас.

Тхо тешна ду, бехке дац бераш

Лаьцначун да саготта ву – ца гойту цунна а, кхечу дай-наношна а шайн бераш, ца дойту цаьрца къамел я телефонехула я кхечу кепара, ур-аталла кехат дахьийта йиш яц. Еккъа цхьа зIе ю – адвокатехула.

"КхидIа хIун хир ду ца хаьа тхуна. Адвоката бахарехь, террор лелорна хан туху бехк бу тIебаьхьнарг, 10-12 шераш тоха кечлуш бут хан берашна. Тхо тешна ду, бехке дац бераш, политикан хьолаца, харжамашца доьзна леладо и дерриг Iедало", – чIагIдо Кавтарашвили Iелас.

Паьнгазхой лецначу муьрехь протестан гулам хIоттийра Паьнгазарчу бахархоша. Цул тIаьхьа кхин гулам хилла бац, иза нах хиллачунна кIера бу бохург дац – Гуьржийчохь политикан хьал дика дацарна а, Саакашвилин проблема гIаттарца а ду, боху Кавтарашвилис.

Паьнгазхошна стенна оьшуь Гуьржийчохь терроран тохар дан?

"Лецнарш махкахь терроран тохар дан бохкура боху. И суна чIогIа тамаше хета, цкъа а ца хилла Паьнгазахь и тайпа тохар дина меттиг я ерриг а Гуьржийчохь а ца хилла. Паьнгазхой вуно тIера бу гуьржийн Iедална, даима а дакъалаьцна пачхьалкх Iалашъеш, хилла декъахь 2008 шеран Къилба ХIирийчуьрчу тIеман а, 90-гIа шерашкахь Абхазехь а", - дагалоьцу "Кавказан цIа" цхьаьнакхетараллин лидера Канашвили Георгийс.

Цунна хетарехь, цхьанна а дац Паьнгаза Тбилисица эгIор оьшуш.

"Гуьржийн къам дика ду паьнгазхошца, царний, гуьржашний юкъахь проблемаш хилла яц цкъа а, я къаьмнийн башхалла бахьана долуш а, я кхечу хIуманна тIехула а, нохчий вуно герга бу гуьржашна, жигара дакъалоцу пачхьалкхан дахарехь", – билгалдаьккхира политика.

Стенна уьш ийзало тIаме нах кхуьйлучу боламна юкъа – иза доккха хаттар ду

Делахь а, цхьацца хенашкахь лакхарчу Iедалехь Iачу нахаца кеп-кепара хилла паьнгазхойн юкъаметтигаш, дагалоьцу Канашвилис.

"Хенаш лаьттина юкъаметтигаш дика йолуш а, тоьлла йолуш а. Йохайоьлла уьш Шемахь тIом болабаларца, телхира хилла масех шо хьалха Паьнгазахь Iедал гидроэлектростанци йилла доьлча а, чуьччабахна Iийра нах полицица. Суна хууш, цул тIаьхьа дIасовцийра цхьацца проекташ, Алазань хи тIехула тIай тиллар а, кхиерш а. Паьнгазхоша тидарехь, полицина бахархой духьалхIиттарна бина бекхам бу иза", - боху эксперта.

Канашвилис ша тергадеш Iа тIаьххьарчу шерашкахь паьнгазхой цхьацца конфликтийн декъаийзабалар, Шема эхар а тIехь, элира.

"Гуьржийчохь бусалба дин лелош цхьа паьнгазхой хилла ца Iа, амма стенна уьш ийзало тIаме нах кхуьйлучу боламна юкъа – иза доккха хаттар ду, цецвуьйлу Канашвили.

Бусалба бу Гуьржийчохь азербайджанхой, паьнгазхой, Аджарера гуьржий. Амма Паьнгазара бен бац Шема баханарш. Еккъа цхьана официалехь йолчу информацица, 50 гергга паьнгазхо хилла Шемахь.

"Амма, гарехь, кхин а дукха бу цига баханарш", – чIагIдо политика.

Пачхьалкхехь бехктакхаман гIуллакхаш доцчунна тIехь кхуллуш хааделла дацахь а, ца теша Канашвили Паьнгазарчу кегийрхой терроран тохарш дан кечлуш бара бохучух. Амма тIе ца дуьту цо уьш махкахрчуц политикан хьолаца доьзна лецна Iедало бохург а.

"Харжамашна тIеIаткъам балла резонанс йолуш дац паьнгазхой лецар. Гуьржашна ца хета терроран тохарш пачхьалкхехь даьржар ду аьлла, хилла дац и тайпа зуламаш. Ша Гуьржийчоь а ца хилла терроран тохаршна буханисъелла. Я ца хета паьнгазхоша террор оьккхуьйтур ю аьлла а", - тешна ву Канашвили.

"Гуьржийчохь Исламна дуьхьалъяккха гIерта цхьаъ"

"Цхьа а тайпа бух боцуш айдойла дац бехктакхаман гIуллакх, оцу кегийрхоша цхьа литература йоьшуш хиллачух тера ду, юкъахь хьехийна хила мега. Амма со шек ву уьш терроран тохар дан кечлуш хилла бохучух. Исламан экстремисташна цхьа а пайда бац беза мах болу терроран тохарш кхузахь дан. Царна гергахь Гуьржийчоь маьрша пачхьалкх ю. Бац уьш терроран тохарш кечдеш. Церан шайн система ю, шайн философи ю", – элира Гуьржийчоьнан Iедалехь машарбаран а, бахархойн цхьабакъонийн а министр лаьттинчу конфликтолога Закареишвили Паатас.

Сан тоьлла хьошалла ду бусалбанийн лидершца, олийла дац цара цхьа а зулам кечдеш хилла

Цо бахарехь, тIаьххьарчу хенахь Гуьржийчоьнан цхьацца регионашкахь эгIайоьлла керстанийн а, бусалбанийн а юкъаметтигаш.

"Къийсамаш лелха кеп-кепара – маьждигаш дохкучу хенахь, школашкахь берашна юкъахь… Амма терроран тохаршка дерззал доьхна дац хьал. Сан тоьлла хьошалла ду бусалбанийн лидершца, олийла дац цара цхьа а зулам кечдеш хилла. Бехктакхаме диллинарг хIумма а доцург ду. Халахета, Iедалехь йолчу партино иштаниг кхуллуш а, цунна дуьхьал шегара "турпалалла" йохуш а", – боху Закареишвилис.

Эксперто чIагIдарехь, пачхьалкхерчу массо а кегий къаьмнашлахь уггаре а гуьржашна тIегIерташ а, цаьрца мерза бехарш а ду паьнгазхой.

"Цара вуно хаза буьйцу гуьржийн мотт, иза царна шайниг санна беза а бу. Дукхаболчу паьнгазхойн фамилеш а ю гуьржийн. Тхоьга къастадало церан схьабовлар, амма хала хуьлу билггал ала, гуьржийн ю и фамили я церан шайн ю. Со кест-кеста хуьлу церан доьзалшкахь, шайна шайн мотт хуъушехь, гуьржийн мотт а буьйцу цара шайлахь. И къам гуьржашца хаза дIаэр церан шайн лаамах схьадаьлла ду, дац Гуьржийчоьнан Iедало кху тIаьххьарчу 30-40 шарахь бартбеш къа а хьегна-м", – элира Закареишвилис.

Со кест-кеста хуьлу Паьнгазахь, бац цхьа а терроран кхерам

Конфликтолога дийцарехь, 90-чу шерашкахь, Шеварднадзе Iедалехь волчу заманахь, Паьнгазахь гIоьртина дара хьал, "лечкъара цигахь Оьрсийчуьра баьхкина цхьацца зуламхой".

"Оцу хьокъехь дийцина и туьйранаш дисина хIинца а, со кест-кеста хуьлу Паьнгазахь, бац цхьа а кхерам. Новкъа ду и туьйра Гуьржийчоьнна тIе хало массаза южу а хьалагIиттош ган. Цхьа "кхерам" айбан оьшучу хенахь Паьнгаза карайо Iедална, цунах лоций даржадо и шира туьйра. Саакашвилис а лелийра изза, кху Iедало а долийна, хьалха иштта ца леллехь а", - билгалдаьккхира Закареишвилис.

Цунна хетарехь, лецначу паьнгазхошна дуьхьал бехк кхоьллина хила тарло цхьамма.

"Цхьана оьздавоцчунна Iедалан ницкъаллин хьукматехь билгалвала, шех дика белхахо алийта эшна хила тарло, цунна кхевдина Паьнгазахь цхьа зуламхой леха", – аьлла хета Закареишвилина.

Эксперта бахарехь, Гуьржийчуьра Шема тIаме бахначу нехан терахь лакхара дац, массо а Европера, бусалбанаш бехчу меттигашкара бахана цига нах.

"Соьга хаьттича. Гуьржийчуьра дIабаханарш дукха бац, беллачийн терахьаша гойту иза, кхузарнаш дукха хиллехь, баларш а хир дара дукха. Бакъду, инарлаш-м бевлла кхузарчаралахь (масала, Батирашвили ТархIан, ДАIИШан тIеман министр – редакцин билгалдаккхар), цундела йийцаяьккхира Гуьржийчоь хаамийн гIирсашкахь, амма гуьржашлахь цхьа а гамо яцара бусалбанашна дуьхьал лелаш", - боху конфликтолога. Иза тешна ву бусалба дин гуьржийн культурин дакъа хиларх.

Гуьржашна хета дуьйлира, шаьш керста бу, кхийолу территореш  - шайна хийра ю

"Суна ца хета оцу тIехь кхуллуш, маьттазъяккха еза политика, аьлла. Иза гуьржашна дуьхьал гIаьттина болам бац, халкъанна дуьхьал а бац. Кегийрхой шайгара доьналла гайта гIерта, шаьш сагатдойла хаийта гIерта, шайн динна гIодан гIерта. Дукха бац иштанаш, цаьрца болхбан беза. ", – боху Закареишвилис.

"Исламна дуьхьал гIатто гIерта цхьаъ Гуьржийчоь. Советан Iедал доьхначул тIаьхьа дине болу хьажам чIагIбала болабелира Гуьржийчохь, массанхь а санна, гуьржашна хета дуьйлира, шаьш керста бу, кхийолу территореш - шайна хийра ю, аьлла. Оцу хьажамах боккха пайда оьцу цхьаболучара. Цхьаццаболчу мозгIарша баржабо цабезамаш. Иза 2010 шарахь доладелира. 2008-чу шарахь агресси кхиа йолаелира керлачу чкъорехь, 2012 шарахь дуьйна лелхаш хаало конфликташ", – дуьйцу конфликтолога.

Iедало ца бо болх куьлтура айярехьа, къаьмнийн барт чIагIбарехьа. Цунах пайда а оьцуш, "Пангазахь лецна кегийнах санна болчарна тIехь шайна са йоккхуш, даржашка хьалабуьйлуш хьийза" оьзда боцу цхьа нах, чIагIдо Закареишвилис.

***

Кавказ.Реалиино хеттарш хьийсийра Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалле Паьнгазахь лечначийн хьокъехь а, Гуьржийчоьнан официалан Iедалан хьажам ган а йолчу Iалашонца. Амма ца кхаьчна жоп. Буьйцучу паьнгазхойн кхел йолалуш ю Лахьан-беттан 25-чохь. И тайпа кхелаш Гуьржийчохь къевлинчу хьелашкахь дIахьо дукха хьолехь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG