ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш даьхначу башха суьртийн архив йовзийтина Антверпенехь


Антверпенера суьртийн гайтамехь
Антверпенера суьртийн гайтамехь

Бельгерчу Антрверпен гIалахь шоьта дийнахь хиллачу цхьаьнакхетарехь гайта йолийна Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш даьхначу, амма шуьйра зорбанехь хилла доцучу суьртийн архиван цхьа дакъа. И мероприяти хьажийна яра Нохчийчохь тIом болабелла 27-хь шо кхачарна.

Къобалйина йочу Нохчий Республика – Ичкерин Австрехь йолчу векло Дунаев Розас дийцарехь, цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара 20-х стаг, коьртачу декъана Австехь а, Швейцарехь а, Бельгехь а беха нохчий, яздо Кавказ.Реалиино. Цигахь гайтира тIом боьдуш даьхна, бакъонашларъярхоша Гашаева Зайнапа а, Газиева Фатимас а Нохчийчуьра арадаьхна суьрташ.

Антверпенера суьртийн гайтам
Антверпенера суьртийн гайтам

"Дерриг а 5 эзар сурт ду, оха царах нохчийн архив йина. Цхьадолу суьрташ конференцешкахь а, саммиташкахь а гойтуш дара, амма шуьйрахьажа аьтто болчу кепара дуьххьара гойтуш дара уьш.

Оьрсийчоьнан эскарш 1994-чу шарахь ГIура-беттан 11-хь Нохчийчоьна тIегIортинчу денна хьажийначу мероприятихь оха гайтира архиван цкъа кIеззиг дакъа. ТIамехь юайина нах, йохийна гIишлош, тIамах бевдда маьрша бахархой тIехь болу суьрташ ду уьш", - дийцина гайтам вовшатоьхначу Газиева Фатимас.

Гайтам кечбина, "Эхо войны" (ТIеман йилбазмохь) регионийн юкъара машарбаран юкъараллин вовшахтохаралло гIо а деш. Евробартана юкъайогIучу пачхьалкхашкахь локдаун юхаяьккхинчул тIаьхьа иза гайта дагахь бу иза вовшахтоьхнарш нохчий бехачу кхечу гIаланашкахь а.

Нохчийчохь хьалхара тIом болабелира 1994-чу шеран ГIура-беттан 11-чу дийнахь. Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса "конституцин къепе юхаметтахIотто" аьлла цу хьокъехь тIеэцна указ арадаларца, кхаа агIор Нохчийчоьнан территори тIе девлира Оьрсийчоьнан эскарш.

Кхин 20 де даьлча уьш тIекхечира Соьлжа-ГIалин юккъехь лаьттачу президентан гIала-цIанна.

ГIура-беттан оцу Iаьнан дийнахь болабела и тIом бахбелира 1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-гIа дийне тIекхаччалц. Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан агIонаш динчу маслаIатца Нохчийн Республикан статус билгалъяккха езаш яра 2001-чу шерахь ГIура-беттан 31-гIа де тIекхачале.

Ма дарра аьлча (де-факто), Нохчийчоьнах юха а хилира йозуш йоцу пачхьалкх. Тахана а билггал хууш дац оцу тIамехь кхелхинчу нехан бакъдолу терахь. Нохчийчохь тIом а баьлла, адамашка бала боьссина де тергал деш а дац карарчу Нохчийчохь долчу Iедалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG