ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь теракт ян гIоьртина аьлла хан тоьхна 17 шо долчу йоIанна


Оьрсийчоь -- Ростовера Къилбан гонан тIеман суд
Оьрсийчоь -- Ростовера Къилбан гонан тIеман суд

Ростовхь куп тоьхначу Къилбан гонан тIеман суьдо 6 шо колонехь даккха хан кхайкхийна Ставропол-махкара Зеленокумскерчу 17 шо долчу яхархочунна, Iожалхо санна Соьлжа-ГIалахь эккхийтар дан кечлуш хилла аьлла, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Оьрсийчоьнан Талламан комитета бинчу хаамца, йоI радиклан ойланаш йолуш хилла, "социалан машанехула зуламхойн тобанах дIакхетта иза, махкал арахьа вехачу Нохчийн Республикан вахархочо кхоьллина йолчу".

Стохка шо чекхдолшу цо "хаам бина зуламан тоба вовшахтоьхначуьнга, теракт ян лууш я ша эккха а эккхаш аьлла".

Кхиазхо Соьлжа-ГIала а яхна, чохь бомба хила езаш болу къайленера тIоьрмиг схьа а эцна, кафе чу яха йолаелла иза, цигахь эккхийтар дан дагахь. Кехаташ талла сацийча йоI бомба эккхийта гIоьртина, амма цхьа а хIума ца хилла, ФСБ-но цуьнан планаш хууш, бомбан метта муляж йиллина хиларна.

Эккхийта кечйина механизм гергийн-фугасан тайпа хилла, дуккха а адам ден кечйина элементаша йолуш, билгалдоккху Талламан комитето, яздо Кавказ.Реалиино.

  • Ставролан махкарчу Железноводскехь кхушара Товбеца-баттахь полицин караяхнена, ша а леш, эккхийтар дан дагахь хилла жима зуда. Цуьнах лаьцна хаам бира цхьамогIа зорбан гIирсаша а, регионан антитерроран комитето а, тIаьхьо ша цуьнах лаьцна хIоттийна пост дIаяьккхина йолчу. Baza телеграм-канало чIагIдарехь, йоI хиджаб йоьхна хиллера. Цо дийцина полицехь, дуккха а дамааш гулделлачехь ша эккхийта план йолуш хиларх лаьцна, Стигалкъкекъа-баттахь дезаденош даздеш, амма ойла хийцаелира шен аьлла.
  • 2017-чу шарахь Лахьан-баттахь Соьлжа-ГIалахь Старопромыслан кIоштахь официалан версица ша а леш эккхийтар дира 25 шо долу Адыгейра яхархочо Спиридонова Каринас. Амма ницкъаллин структурийн верси харц йира эксперто кхелхинчуьнан дегIаца оьккхуьйту доьхка хилла аьлла йолу.
  • "ДаIишхойн хатI ду иза. Кхи мила ву ша шен лелхийтарш деш?", - аьлла дIахьедbра хIетахь меттигерчу зорбан министара Умаров Джамбулата.
  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а дуьйцу, тIемалой бу бохуш лецначу наха, кхелашкахь дуьйцуш хилар, шаьш бехк тIелаьцна шайна таллам боьдуш ницкъ бина хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG