ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинца къовсам хиларна бехк цабиллар дехна Сокуровс, шена кхерамаш тийсарна латкъам а беш 


Сокуров Александр
Сокуров Александр

Режиссёра Сокуров Александара бехк цабиллар дехна Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца ша къовсаваларна, ткъа иштта дийцина шена кхерамаш тийсарх лаьцна, хаам бо Радио Свобода портало. Цунах лаьцна Сокуровс яздина Президентан адамийн бакъошкахула йолу кхеташонан (СПЧ) куьйгалхочуьнга Фадеев Валерийга хьажиначу кхайкхамехь, яздо РБК агенталло, документана тIе а тевжаш.

Кехатан текстехь режиссёра бехк цабиллар дехна, СПЧ декъашхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь ша Путинца къовсаваларна. "Суна оьгIазе рекци гайтира сан леларна президентан зорбан-секретаран [Песков Дмитрийн]. Иза бакъву – со дилетант ву, ткъа, гарехь, цу тайпачеран меттиг яц, оццул профессионалаш болу, кхеташо санна йолчу, меттехь", - дешнаш даладо РБК-но кехатан текстера.

Сокуровс яздо, "президентан кхеташонан декъашхочуьнан ларам а, сий а" цхьаммо а лардийр дац Оьрсийчохь. Режиссерана кхерамаш тийсарх лаьцна дийцина цуьнан доттагIаша. Сокуров тешна ву, цуьнан дахаран гаранти хирг ца хиларх, нагахь Путин оцу хьолана юкъа ца гIортахь.

"Нагахь вайн махкахь журналистика кхераме гIуллакх делахь, пачхьалкхан кхеташонан органехь декъашхо хилар хIунда хила дезаш ду кхин а чIогIа лардан дезаш?", - аьлла ду кехата тIехь.

Режиссёрна цалиъна РБК-на комментари яла, кехат баккъалла а цо яздина ду бохучух лаьцна. Фадеевс хаама бина Сокуровн дог тедан гIерташ ву ша аьлла, кхин комментари ян цалиъна цунна.

Адамийн бакъонашкахула кхеташонна президентаца хиллачу цхьаьнакхетарехь, Путин Владимиран къовсам иккхира режиссерца Сокуров Александарца, шен къамелехь Оьрсийчоь хийца еза, махкахь дуккха а проблемаш ю, кхочуш ца еш юьтуш, уьш гIамарна юкъа дIайохка мегар дац, бохуш дийцина волчу. Сокуровс цхьаьнакхетарехь хьахийра Кавказера регионаш Оьрсийчоьнах дIакъасторца йоьзна тема.

Сокуровс Север.Реалии зорбан гIирсана дийцира, ша халахетта ву аьлла, "шен къамелхо тIаьхьа цакхиъна" режиссера дийцинчунна.

Конфликтан комментари йира Кремлехь. Путин зорбан-секретара Песков Дмитрийс дIахьедира, Сокуровн дешнаш "корматаллин дацара" аьлла. Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхочо дехар дина Инарлин прокуратуре, Сокуровс дина къамел бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG