ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден: Украинина тIелатар "катастрофа" хир ю Оьрсийчоьнна


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Байден Джо
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Байден Джо

Шуьйра масштабан барамехь Украинина чугIортар "катастрофа" хир ю Оьрсийчоьнна, ткъа Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир тIеIотталур ву Малхбузено, "цунна хIинццалц гина йоцу шуьйра санкцеш" кхайкхорна. Цунах лаьцна пресс-конференцехь дIахьедина президента Джо Бадена, хаам бо Радио Свобода-но.

Оьрсийчоь тIелетаран хила мегачу тIаьхьалонех цхьаннах лаьцна элира Байдена – цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан банкийн аьтто хир бац операцеш ян долларшца.

Байдена даре дира Оьрсийчоьнан тIеман ницкъ дуккха а сов хилар Украини болчулла а, амма нагахь Оьрсийчоь тIелатахь иза тIеIотталур ю вон тIаьхьалонашна сихха хир йолчу а, еххачу хенахь хир йолчу а.

Байденна хета, Путин Владимира Украинина дуьхьал операци йоло сацам бан мега аьлла. Цуьнца цхьана Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента элира, ша цатеша, цунна луург шуьйра масштабан тIеман конфликт ю бохучух аьлла. Байдена хаийтира Малхбузено дуьхьал лелор дерг доьзна хирг хилар Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал билггал лелор долчух, цуьнан масштабах а, тIаьхьалонех а.

Дукха хан йоццуш Украина НАТО-на юкъа цаэцарх лаьцна Оьрсийчоьно хьехийначу тIедилларех лаьцна аьлча, Байдена дIахьедира, Украина гергарчу хенахь оцу бартан декъашхо халалур ю аьлла цахета шена аьлла, Оьрсийчоь бахьана доцуш, амма, Байдена дийцарехь, иза цкъачунна кийча цахилар бахьана долуш.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента иштта элира, ша кийча хиларх лаьцна, Москвано Украинин территори тIехь НАТО-н стратегин герзаш хIитто мегар дац бохург дийцаре дан.

Байдена иштта ша кхоьруш хилар хаийтира, хьал Iуналлера дала мегаш хиларх. "Со сатесна ву, Путин кхеташ хирг хир ву бохучуьнга, нагахь буьззинчу барамехь ядеран тIом бийцича, дерриг дуьнентIехь ша коьртехь хир ву бохучу хьолехь иза цахиларх".

  • ТIахьарчу деношкахь Оьрсийчоь Украинина тIелата мегаш ю аьлла Малхбузерчу пачхьалкхийн кхоьруш хилар кхин а алсамдаьлла, Украинин дозанашкахь лаьтта Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш алсамбаьхна а, Женевехь а, Брюсселехь а хилла дийцарш жамI доцуш дIадерзина а хиларна.
  • ПIераскан дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарь а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр а цхьаьнакхеташ ву Женевехь.
  • Оьрсийчоьнан МИД-о чIагIдо, Москва тIеман операци кечйеш яц Украинина дуьхьал бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG