ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Румынин Лакхарчу кассацин кхело тIечIагIдина Гериханова Амина Оьрсийчоьне дIаялар - СМИ


Гериханова Амина шен кIантаца
Гериханова Амина шен кIантаца

Украинерчу тIамах едда, Румынихула Туркойчу дехьаяла гIиртина нохчо Гериханова Амина Оьрсийчоьне дIалуш бинчу сацамна дина арз юхатеттина Румынин Лакхарчу кассацин кхело. Оьрсийчоьнан бакъоларъяран органаша бехкейо мухIажар Шемарчу террорхошца йоьзна хиларна, яздо Кавказ.Реалиино.

Гериханована экстрадици ян чуделла арзан хьокъехь кхеташо дIаяьхьира Стигалкъекха-беттан 4-чохь, бинчу сацаман жамI кхелан официалан сайтехь цкъачунна зорбане даьккхина дац, амма церан сацамах яздо Румынин зорбанан гIирсаша.

"Лакхарчу кассацин кхелехь Гериханова эшна. Ша Оьорсийчоьне дIаяла бинчу сацамна чуелла апелляци дIатетти, и бохург ду, Румынин Iедалхоша хIинца иза Оьрсийчу дIахьажон кехаташ луьстур ду", - хаамбо Аntena3 гIирсо.

"Оьрсийчоьнан Федерацига дIалур ю Гериханова Амина. И сацам тIаьххьара бина бу", - тIетуху KANAL D телехьожийло.

Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь мухIжаран гергарчо Бахарчиев Амруддис дIахьедира, Стигалкъекъа-беттан 4 -чохь Аминица зIе хилира шен, кхело шен сацам бовзийтале, тIеэцначу хьесапах цунна хIуммаъ а хууш дацара аьлла.

"Румынин Iедалхошна хIинцале Аминина лерина Оьрсийчоьнан кехаташ кечдеш ю Оьрсийчоь, Румынин экстрадици ян аьтто хилийта. Догдохийла кIезиг ю, амма хIетте сатийсам ца бов тхан", - аьлла Кавказ.Реалиига, Гериханована а, цуьнан гергарчарна а юридикан гIо латточу, Швецехь болх бечу нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино.

  • Кавказ.Реалиинохаам ма-барра, Зазадоккху-беттан 13-хь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалецира 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажир бехкейина Шеман тIамехь дакъалацарна. Пхи шо хьалха Нохчийчуьра дIаяхна Гериханова, Киевехь ехаш яра.
  • Зазадокху-беттан 13-хь Сучава гIалин (Румыни) кхело кхин а цхьана баттана чохь латтон хан яхйира Нохчийчуьрчу яхархочун Гериханова Аминин. Цуьнан гергарнаш а, иза евза-езарш а тешна бу, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу юкъараллаца цуьнан гIуллакх деана дац аьлла.
  • Европан гIаланашкахь Румынин векалташна хьалха акцеш дIаяьхьира, Гериханована Оьрсийчу эксрадици ярна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG