ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхой тIаме ийзоро гойту Оьрсийчоьнан эскарехь проблемаш хилар- Британин тIеман министралла


Соьлжа-ГIалахь эскарш дIахIиттийначохь ву Кадыров Рамзан

Мариуполь схьайоккхуш "гIо дечу дакъошлахь", иштта кадыровхоша а дакъалацаро тоьшалла до, Оьрсийчоьнан эскаран ресурсашца проблемаш хилар а, эскаран буьйранчийн къаьстина хиларан а. Цунах лаьцна дIахьедар дина Британин тIеман министралло.

Британин къайлахчу сервисийн хаамашца, нохчийн дакъош "тарло масех эзара бIахочух лаьтташ", доккхачу декъанна тIегулдинера Мариуполе а, Луганске а воьдучу агIор. Цара эшон езаш яра Мариуполехь латтон дуьхьало, амма 10 кIиранах гоне ерзийна латтийнашшехь, церан могIаршкахь дикка эшамаш хилла.

"Тарло и ницкъащ, къастина лаамхойх лаьттина ца Iаш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Iедал латтош долчу Къоман гвардин дакъойх дуьзна а. Схьагарехь, эскарш даржош тIехь контрол латтош ву Кадыров, ткъа цуьнан шичас Делимханов Адама (ма-дарра аьлча, цуьнан маьхчин кIант ву иза; Кавказ.Реалиин билгалдаккхар) Мариуполехь нохчийн эскархойн буьйранчин функцеш кхочушъеш хилла", - аьлла ду хаамехь.

Оцу буха тIехь Британин тIеман министралло жамIаш дина, Украинехь Оьрсийчоьнан эскарийн урхалла даран иштачу системо тоьшалла до тIеман буьйранчийн къаьстина хиларан, и хаало Оьрсийчоьнан армин хьалхататтадаларехь а аьлла.

  • Хьалхо тIеман эксперташа а, гинчара а дIахьедора, Украинехь кадыровхойх "заградотрядех" санна пайдаоьцу аьлла. Цул совнах, украинхоша дуьйцура, нохчийн ницкъахойн Iалашо яра, шаьш дIалецначу дозанаштIера меттигера нах кхерор. Ирпень гIалин кхеташонан депутато Гурин Артема дIахьедира Daily Beast гIирсана, кадыровхой чугIоьртинчу юьххьехь, Киевн кIоштарчу Бородянка эвларчу дарбан цIийне балийна, къиза чевнаш йина оьрсийн эскархой цара байина дIабехира бохуш. Цул совнах, Бучехь дуккха а нах байарна уьш бехке бу аьлла, дийцира Reuters информацин агенталло.
  • Украинана дуьхьал тIамехь дакъалаца Нохчийчуьра хьийсийначу кадыровхойн а, "лаамхойн" а цIераш тIехь тептар зорбане даьккхина Украинан тIеман министраллан талламан коьртачу урхалло. Ши эзар ах эзар гергга бу уьш, царех цхьаберш таIзарш дина бу шогачу Iедалан къепенашкахь
  • Бакъоларъяран организацеша дIахьедира Нохчийчохь божарий лоьцуш хиларх, нагахь санна, "лаамхой" санна уьш Украине тIаме ца болхахь, царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дохур ду шаьш бохуш. Доккхачу декъанна 1АДАТ оппозицин боламо хааме даьккхира, Нохчийчоьнан "кеп-кепарчу кIошташкара бIе [лечкъийначу] нахах".

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG