ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн критикна кIело йинчун дов хатта долийна Германехь


Абдурахманов Мухьаммад
Абдурахманов Мухьаммад

Оппозицин ютуб-блогеран Абдурахманов Тумсон вешина, Абдурахманов Мухьаммадна кIело яр вовшахтохарна бехкевечу Д.Валид цIе йолчу Нохчийчуьра вахархочунна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх тахана Мюнхенерчу Лакхарчу латтанан кхело листа долош ду. Цунах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиино.

ФРГ-н прокуратин хаамашца, режиман критик ве аьлла, бехкевечунна тIедиллинера 2020-чу шарахь Нохчийчуьрчу къайлахчу сервисаша. Германин дозана тIехь вехачу Абдурахмановн адрес Д.Валидна хаийтина ФРГ-н конституци Iалашъечу Урхаллин цхьахволчу белхахочо бохура – къайлаха болу хаамаш нахалабахарна бакъоларъяран органаша таллам болийра оцу хьокъехь.

Deutsche Welle гIирсо хаамбо, кIелоярх гIуллакх вовшаххоьттина иштта, иза вен дезаш хиллачу коьртачу тешо – нохчочо А.Тамерлана динчу мукIарлонна тIехь. 2020-чу шеран ГIуран-баттахь тешо ша дийцина хиллера цунах лаьцна шегга Абдурахмановга.

Бехкевечун цIа чохь талламаш бира – цуьнгахь карийра, тата ца долуьйту гIирс тIебоьллина тапча. Д.Валидна кхел йийр ю шога зулам вовшахтохарна а, герзах долу низам дохорна а.

Дов хатта буьйлабалале хьалха Абдурахманов Мухьаммад кхеле вистхиллера кехата тIехь динчу дIахьедарца, цу тIехь цо хаийтира аьтто ца баьлла кIелояр политикан бух болуш хиларх.

"Со вен гIортаран бахьана дара, Оьрсийчоьнна муьтIахь долчу Iедалан Нохчийчуьра ражна дуьхьал сан вешин Тумсон йолу жигара позици. Со тешна ву, со вен омра Нохчийчоьнан урхалло делла, Кадыровс къобалдина дара аьлла. Оьрсийчоьнехьа йолу Нохчийчуьра режим со Германехь вен гIоьртинийла сайна хиъначул тIаьхьа, суо кхерамзаллехь ца хета суна, амма цо цец ца ваьлла. Сайна а, сан вешина а кхин дIа а кIелонаш ярна кхоьру со. Амма тхойшиъ кхеравойтур вац охашиммо. Со тешна ву, йоьдучу процессехь оцу гIуллакхан политикан бух хилар кхело тергоне оьцур ду аьлла", - далийна Абдурахмановн дешнаш Deutsche Welle ресурсо.

  • Хьалхо Абдурахманов Мухьаммада ма-дийццара, цунна вен Iалашонца кIело вовшахтохар тIедиллина хиллера Нохчийчоьнан куьйгалхочун шичина Эдильгириев Пахруддина. Германехь веха юкъалеларг карийра Эдильгиревна – Дадакаев Валид – цуьнга ахча а дIаделлера. Вен Макаровн тапча Дадакаевс эцнера шен гергарчу стагера, Цакаев Романера. Иза вевзаш ву, 2019-чу шарахь Абдурахманов Тумсо сийсазвеш, видео дIаязъярца. Герз къайлах Германи кхачийнера Дадакаевс.
  • Стохка Германин Iедалхой реза хилира, Абдурахманов Мухьаммадна тховкIело яла дуьхьалояр юхалиста. Хьалхо кхел тIетевжинера, цуьнан дехарехь "керла бух" бац статус луш сацам тIеэца аьлла.
  • Абдурахманов Тумсона тIелатар дира 2020-чу шеран Чиллан-баттахь. Шен хIусамехь хиллера иза, цуьнан коьртах жIов тухучу хенахь. ТIелеттачуьнгара гIирс схьа а баьккхина, полици кхайкха ларийра блогер. Цуьнан гIуллакхна тIехула кхело сацамбира 2021-чу шеран Дечкен-баттахь. ТаIзар динарш – Оьрсийчоьнан бахархой бу.
  • Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Абдурахманов Тумсос дийцира, шена дина тIелатар талларх лаьцна а, кIелойинчул тIаьхьа шен дахарх хетачух.
  • 2019-чу шеран Марсхьокху-баттахь Берлинехь вийра Масхадов Асланан а, Басаев Шемалан а тIемало Хангошвили Зеламха. 2017-чу шарахь Киевехь йийра Окуева Амина. 2017-чу шеран Гезгамашин-баттахь эккхийтира Киевехь Гуьржийчоьнан вахархо, нохчо Махаури Тимур.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG