ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Акхаройн амал". Бакъ дуй кадыровхой Украинехь уггаре къиза эскархой бу бохург?


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Меттигерчу полицин эскархой
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. Меттигерчу полицин эскархой

Украинана дуьхьал тIом беш йолчу оьрсийн тIеман тобанашна юккъехь къаьсттина гIарбевлла Нохчийчоьнан хьалханчан куьйгкIелара ницкъахой а, шайх "лаамхой" олурш а, йа регионера йолах лецнарш а. Маьршачу бахархошна а, йийсархошна, вовшашна а тIехь къизалла лелорах лаьцна украинхойн къайлахчу сервисаша, тешаша, бакъоларъярхоша дийцина а ца Iаш, европхойн пачхьалкхийн парламентийн векалаша а хьехадо иза.

Амма экперташа шеконе юьллу кадыровхойн шатайпаналла – Украинехь хуьлучуьнца дуьстича, нохчийн эскархоша лелориг башха къаьсташ дац, дIахьедина цара Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Нохчийчуьра Украине

Мангал-бутт болалуш Европан Кхеташонан Парламентан ассамблеяс (ПАСЕ) Къилбаседа Кавказера адамийн бакъонех лаьцна резолюци арахецна, цигахь къаьстина тидам бина Нохчийчоьнна. Кадыровс а, цуьнан куьйгкIеларчу эскарера ницкъахоша Украинерчу тIамехь лоцу дакъа хьахийра эксперташа, - къаьсттина, Мариуполерчу маьршачу бахархошна тIехь вуно чIогIа къизалла лелор.

"Дуьххьара Нохчийн республикехь лелийна хилла репрессиш, - кхелан сацамца а доцуш нах байъар, нах лечкъор, нуьцкъаха нах тIепаза бар, Iазап латтор, дешан а, гуламийн а маршонна дуьхьал къиза репрессеш лелор, харц бехктакхаман гIуллакхаш – ерриг Оьрсийчоьнан дозанехула яьржина, кхин а шогачу кепехь – цхьана хеначохь оккупаци йинчу Украинан дозанашна тIехь. Къиза Мариуполь йоккхуш Кадыровс а, цуьнан цIарца лелаш болчу эскархоша а дакъалацар кхин дIа а зен дезаш ду, амма со кхоьрург, цара лелийначу къизаллийн бух Къилбаседа Кавказан регионехь лелинйчунна тIера схьа хилар", - дIахьедина резолюцин рапортаца вистхиллачу Германин парламентан депутата Швабе Франка.

ТIеман юьххьехь нохчийн тIеман тобанаш "тикток-эскархой" санна гIаръевлира, фронтера йолуш санна кеп хIиттош видеош яхарна. Оцу видеош тIехь эскархоша жигара герз кхийсарш а, маьршачу бахархошна гIо дар а гойтура – уьш харц хилар гучудолура тIаьхьо.

Украинхойн Мариуполехь "Ахмат" батальонера кадыровхой. 2022-чу шеран охан-беттан 17-гIа де
Украинхойн Мариуполехь "Ахмат" батальонера кадыровхой. 2022-чу шеран охан-беттан 17-гIа де

Украинхойн "Слiдство.Iнфо" гIирсано хаам бина, нохчийн эскархоша Гостомелехь йийсархой лецна латторах. Цигахь яьхначу видеош тIехь цара доттагIалла а, маьршачу наханна гIо дан кийча хилар а гойтура, амма меттигерчу бахархоша дийцарехь, кадыровхойн лелар хийцалора камера дIаяйъинчул тIаьхьа.

Гостомелан эвлан кхелхинчу хьалханчан хьехамчас Скуратовский Ростислава яздора: "Кхача латтабо, гIо а до, бохуш ларми чохь яьхначу видеош тIера нах йийсарехь латтош бу, тIеман гIалана тохарш ца дайтархьама. Уьш оцу гIишлонаш чуьра петаршкахь Iа. Шайн блокпост а йолуш. Уьш тIеман гIалахь бу, ерриг хеначохь цунна контроль а латтош".

Меттигерчу нехан дешнашца, уьш баккъала а баккхийбора, шаьш дийна биссарна, иза ала а гIертара уьш камерана хьалха. Кадыровхоша баккъала а царна кхача латтабора – йоьхьаш, нехча, амма Нохчийчуьра еана ца хуьлура уьш, украинхойн хуьлура. Гостомелан бахархоша бахарехь, сурсатийн складаш чуьра лечкъийна ю уьш. Иштта цара боху, царах дукхачу нехан петаршна талораш динера. Иза охан-баттахь Кавказ.Реалиина тIечIагIдира Гостомелан уллорчу жимачу гIалин яхархочо, Кадыровна баркал олучу видеон "турпалхочо" Иринас (цуьнан цIе хийцина цуьнан кхерамазалла ларъярхьама. – Редакцин билг.). Кадыровхоша лаьцна кхо кIира даьккхина цо ларми чохь – кхелхина йоккха стаг шен берех лечкъо езна цуьнан, иштта камерна хьалха Кадыровна баркаллаш баха а.

Оьрсийн эскархойн тIеман зуламашна дIаяздеш болх бо "Путинна лерина трибунал" коалицино. Цуьнан цхьаволчу декъашхочо Савва Михаила билгалдоккху, и процесс хала дIагIуш ю, къаьсттина кIелхьара яьхначу украинхойн латтанаш тIехь.

"Коьрта проблема йоьзна ю, оккупацих мукъадаьхначу латтанаш тIера зуламаш лайна дукха нах дIабахарца. Наха стресс лайна, уьш кхоьру. Оккупацин хьелашкахь Iийна уьш, ларми чохь а, цундела тамашена дац цара жигаралла ца гайтар", - хета бакъоларъярхочунна.

Вайн массарна а хаьа, ший а чов йийсархочунна кIомсарна тIе а ваьлла хилла, мила ву иштта хIума тIе ца Iотталуш

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо дийцина, Макаровн кIоштан Андреевка-эвлахь зуда хьийза а йина, иза ерна, оьрсийн эскарша кхелан кара дIавеллачу кадыровхочух доьзна тоьшаллех лаьцна. Амма колицино бехкечун цIе билгал ца яьккхина – цул сов, тIом боьдучу хьелашкахь и хаам талла аьтто бац.

"Андреевка еххачу хеначохь, цхьа бутт гергга, оккупацехь лаьттина. Оьрсийн эскархошлахь цигахь дуккха а кадыровхой бара. Оьрсийн эскархойн цIерш, уьш Iаш хиллачу хIусамийн долахошна бен ца евзара. Меттигера цхьахволу вахархочо интервьюхь бахарехь, "дегIан чкъораца диллинчу суьртаца вевзар ву (бехкениг), амма цIерш ца йийцира", - аьлла политолого.

"Бехказвийла гIуллакх дац"

Тоьшаллашца а догIуш, нохчийн тIеман тобанаша къизаллаш Украинера маьршачу наханна тIехь лелийна ца Iа, иштта йийсаре лецначу эскархошна тIехь а лелайо.

Иштта, стигалкъекъа-беттан чакхенгахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Алаудинов Аптис Северодонецкерчу украинхойн офицерана тIера чевнех бехк ца биллар доьхуш видео арахийцира. "Иштта нисделла, шайн лаамехь герз охьадиллар хьехча, оцу аьттонах пайда ца эцна оцу нахана", - аьлла цо. ТIаккха Кадыров Рамзана зорбанехь дIахьедина, "бехказвийла хьашт дац".

"Тхуна хаьа, ший а чов йийсархочо ша-шена йина, го лаьцначу гIишло чуьра араволуш ца хууш кIомсарна тIе а ваьлла. Хьанна а хила мега иза. Зуда яла ялалале йоьрзур ю чевнаш", - яздина республикан куьйгалхочо.

Цуьнан официалерчу телеграм-каналехь сих-сиха видеош гучуйовлу йийсаре лаьцна салтеш гойтуш – дукхачеран коьртана, дIегIана, юьхь тIаьхь гуш чевнаш ю.

Савва Михаилна хетарехь, тIехь ницкъ бина йийсархо гайтар – иза оцу тIамехь рогIера ду.

"Цкъа-делахь, чевнаш цунна хьалха йина ю ала йиш ю, тIом бай иза-м. ШолгIа-делахь, оцу тайпа видеош кхин башха дукха а яц, оьрсийн эскархошна компромат йан йиш йолуш. Со тешна ву, йа Кадыровна, йа цунна тIаьхьа хIиттинчарна цхьа а дуьхьалонаш ца го [тIаьхь ницкъ бина йийсархой гайтарехь]. Иштта бу церан дуьненан хьежамаш", - боху бакъоларъярхочо.

Цунна хетарехь, къизалла – иза берриг тIеман билгало ю, къаьсттина цхьана тобанан яц. Цуьнан дешнашца а догIуш, кадыровхой хилла ца Iа тIеман зуламашна бехке.

Иштта ойла ю политологан Михайлов Кириллан а, меттигерчу нахаца къиза хилар оьрсийн эскарехь рогIера хIума ду, къаьсттина цхьайолчу категорех бен ца хьакхалуш ца хуьлу иза, боху цо. Иштта дIахьедар дина Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь эксперта Бондаренко Богдана а – цунна хетарехь, нохчех "тIех сов шайтIанаш до, оцу тIамехь верриг ву дика ларош".

Адамийн бакъонаш Iалашяран "Мемориал" Кхеташонан декъашхочунна Орлов Олегна хетарехь, украинхойн йийсархочунна тIаьхь Алаудиновс ницкъбар гайтаман кепехь адамийн бакъонаш хьешар ду.

ТIаме хьийсийна кадыровхой шайн мостагIашца а, маьршачу бахархошца а къиза хилла ца Iа, вовшашца а бу уьш иштта

"Йийсархошна тIехь сийсазалла лелор ког баьккхинчохь гуш ду. Вайна сих-сиха го шогачу кепехь Женевера конвенцин низамаш хьешар, масала, нах гора а хIиттабой, цаьрга камерана хьалха "Ахмат – сила" бохуьйтуш. Кхеташ ду, иза тIехь ницкъ барца а, ур-атталла вуьйра ву, бохуш кхерамашца дуьйцуьйтуш ду. Къаьсттина Бучехь, Гостомелехь хилла болчу куьйгкIеларчу кадыровхоша лелош ду иза. Оцу гIаланашкахь инзаре долу зуламаш кадыровхоша лелийна ала цхьа а тоьшаллаш дац вайгахь, амма бакъдерг ду – уьш цигахь хилла хилар", - аьлла Орловс.

Украинан кхерамазаллин сервисан хаамашца, тIаме хьийсийна кадыровхой шайн мостагIашца а, маьршачу бахархошца а къиза хилла ца Iа, вовшашца а бу уьш иштта. Зазадоккху-бутт юкъабаьлча Росгвардин эскархо хила тарлучу стага шен зудчуьнца нохчийн маттахь телефонехула дина къамел зорбане даьккхира. Шен хабарехь цо дуьйцу шен коьртачу Iалашонех лаьцна – тIеман майданера дIасауьду оьрсийн салтий сецор.

Эскархочо доьху шен зудчуьнга са ца гаттдар, хIунда аьлча, церан тоба фронтехь яц: "Тхан Iалашо – йоккхачу тоьпан тохаршна кIелара уьду мезех буьзна салтий юха а (тийсдаларшна кIел. – Редакцин билг.) лахкар".

Нохчийн Росгварди "заградотрядаш" санна лелош хиларх лаьцна Кавказ.Реалиига Дудаев Джовхаран цIарах йолчу, Украинан гIаролехь лаьттачу лаамхойн тобан куьйгалхочо Осмаев Адама дийцина. Оьрсийчоьнан тIеман министралло а, Росгвардис и хаам тIе а ца чIагIбина, йа харц ца бина.

Охан-беттан чакхенгахь оппозицин блогеро Белокиев Ислама аудиохаам арахийцира, цу тIехь вевзаш воцчу стага нохчийн маттахь дуьйцу, Курчлара схьаваьллачу кхаа кадыровхочо зударшна тIера деши схьа а доккхуш, Украинехь талораш лелорах лаьцна. Церан тIеман накъосто бехкбаьккхина хилла цуьнгара, тIаккха цара иза герз диттина, вийна.

"Мемориал" бакъоларъяран центран хиллачу белхахойх лаьтта гражданскан жигархойн тобано чIагIбира, Нохчийчуьра ницкъахоша шайн тIеман накъостий байарца йоьзна шина инцидентах лаьцна хаамаш. Белокиевс хьехийнарг доцург, охан-бутт болалуш хилларг ду цара дуьйцург. Шайн Украинерчу базерчу чоь чохь Iаш хилла ворхI нохчийн ницкъахо, бархIалгIачо чу а иккхина, девзаш доцчу бахьанашца, цIаьххьана арахьара чу герз диттина царна. Пхиъ вийна, ткъа дийна виссинчух цхьаннан аьтто баьлла дуьхьал герз а диттина тIелеттарг вен. Дийна виссина шиъ Соьлжа-ГIалин УМВД схьавалийна, боьдуш таллам бу.

"Вай кхеташ хила деза, Нохчийчуьра кадыровхойн хьукматашкахь дакъа лецна хиллачу кадыровхошна рогIера ду иштта лелар. Камерана хьалха уьш эсала хуьлу, доьналлица, дикаллица буьзна хуьлу. Ткъа объективашна тIехьа шайн акхаройн амал дIагойту, иштта адамийн сий шайна бенцахетар а", - боху Белокиевс.

Нохчийн эскархойн чоьхьарчу конфликтех а, царна лела ца хаарх лаьцна а дуьйцу Орлов Олега а. Амма цо билгалдоккху, "хуьлучу инзаречу зуламашна хьалха кадыровхой цхьанне агIор къаьсташ бац", иштта дуьйцу, рогIера кадыровхой "ардангах" къасто безаш хилар.

"Шайх рогIера кадыровхой олурш бу, уьш официалан хьукматашкахь болх беш бу, иштта "лаамхой" а бу, 7-10 дийнахь спецназан Академехь кечамаш бина, тIаме хьийсийна долу, доккхачу декъанна цхьа ардангаш ду. Тайп-тайпана ши категореш ю уьш. РогIерчу кадыровхоша вуно чIогIа къизаллаш лелорах лаьцна девза вайна, ткъа лаамхой къоланаш дарца а, вуно чIогIа лела ца хаарца а бевзаш бу", - боху Орловс.

  • Хьалхо Кавказ.Реалиино теллира, украинхойн агIоно арахецна долу Нохчийчухала тIаме хьийсийначу "лаамхойн" тептар. Лаамхошна юккъехь дуккха а берийн дайш бара, кегийрхой, конспирологин теорийн агIончаш, лартIахь болх ца карорна тIом бан бахнарш а – пачхьалкхан пропагандех уьш тешар а, Украинерчу тIамехь шайн даймохк ларбеш хиларх тешар а ю оцу массочу нехан юккъера билгало. Лазийначу а, кхелхиначу а эскархойх лаьцна церан гергарчара дийцира.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, республикехь йиъ керла тIеман батальонаш кхолларх – "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Восток-Ахмат" а. Республикан куьйгалхочо чIагIдо, "эскархойн контингента юккъехь къаьсттина нохчий хир бу", цо бахарехь, цара "‎Оьрсийчоьнан тIеман министраллин эскарийн дакъош" дузур ду. Муьлш бу и тIемалой – лаамхой олурш бу, йа говза эскархой бу – Кадыровс билгал ца даьккхира.
  • Нохчийн бакъоларъяран организацеша а, блогерша а хаамаш бо, "лаамхой" санна Украинана дуьхьал тIаме хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархошкара шайга кхочучу информацех лаьцна. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкара вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.
  • ТIамера юхабаьхкинчу цхьаболчу "лаамхоша" латкъамаш бо, шайна лур ду аьлла ахча схьа ца ло, оьшу гIирс боцуш тийсдаларшна юкъа кхуьссура, кхача а ца латтабора, бохуш. Т1аккха Нохчийчоьнан парламентан хьалханча Даудов Мохьмад цхьанакхийтира т1амера ц1а а баьхкина, оьшу дарба а, хьехийна ахча а ца делла бохучу нахаца. Хьаькамо камерна хьалха чехийра уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG