Къайлайаьхьна Кадыровн "дуьххьалдIа эфир"
Республикан куьйгалхочуьнца хиллачу уггар а йоцачу "дуьххьалдIа" эфиран йуьззина видео Нохчийчоьнан Ӏедалша къайлайаьккхина. Цул а хьалха Кадыров Рамзанан журналисташца а, меттигерчу бахархошца а хила деза цхьаьнакхетарш масийттазза тӀаьхьатеттинера - дийцарехь, цуьнан могашалла галъйалар бахьана долуш. Кадыровс харцдо, ша хала цамгар токхуш ву бохуш, даржийна хабарш.