ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вийначух тера ду иза". Пхи шо кхечи иллиалархо Бакаев Зеламха Нохчийчохь вайна


Бакаев Зеламха

Пхи шо хьалха Соьлжа-ГIалахь муьлш бу ца хуучу наха лачкъийна вигира нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха. Оцу хеначохь цуьнан доьзалан аьтто ца баьлла зуламна бехке мила ву хаа а, иштта бехкзуламан гIуллакх доло а. "Бух бац гIуллакх делла", - дIахьедира 2017-чу шеран Гезгамашин-баттахь Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, хIетахь дуьйна оцу тIера бевлла бац уьш. Амма хIетте а вайначун нана кхин дIа а шен кIанте сатуьйсуш ю. Бакаев Зеламха къайлаваьккхина рогIера шо кхочуш Кавказ.Реалиино дагалоьцу пхи шо хьалха хилларг.

ТIаьххьара шен кIант гира Бакаева Маликина 2017-чу шеран Марсхьокху-беттан 8-чохь. Москвахь вехаш, цигахь шен карьера нисъян гIерта Нохчийчуьра къона иллиалархо даймахка веара, шен йиша маре йоьдуш кертахь долчу гIуллакхашца нанна дан гIодархьама.

Сингаттам Iотталур бу аьлла цхьа а бахьана дацара. Лачкъийначу Зеламхин нанас Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира, иза лачкъочу дийнахь кертахь гIуллакх деш хилла кIант юкъахваьккхинера ша, шеца Сбербанке вигархьама аьлла.

Соьлжа-ГIаларчу Первомайская олучу урамехь банкоматера ахча схьаэцначул тIаьхьа, Зеламхин ойла хилира шена евза йоI Сальмира (Зубаирова Зарема, иллиалархо. – Билгалдаккхар), йолчу ваха, некъал дехьа болх беш яра иза. Цул тIаьхьа жимстаг базарахь йолчу шен ненах дIакхета везаш вара.

Зеламха хьевала вуьйлира, цуьнан телефон жоп луш яцара. ТIаккха Маликас, шен йоI цхьаьнакхета везачу йоьIан телефон хьовзийра. Цо элира, цуьнгара СМС кхечира шега, тIекхочуш ву аьлла, амма кхин гучу ца велира иза аьлла.

Буьйсанна 12 сахьт даллалц юх-юха телефон йиттира Маликас кIанте, дIайоьдура, амма жоп луш стаг а вацара, тIаьхьо дIаяйина яра. Зеламха вайра – дийнан делккъахь массарна а хьалхара дIавайра иза.

Бакаевн доттагIий тешна бара, ницкъахоша иза лачкъийна а ву, къайлахчу набахтехь латтош а ву аьлла. Марсхьокху-беттан 18-чохь вайначун нана бакъоларъяран органашка елира, ткъа 22-чохь дIахьедира цо Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташоне, кIант схьалохуш гIо дахьара аьлла.

Оцу юкъанна, Соьлжа-ГIалахула йолчу МВД-н урхаллехь чIагIдора "дуьххьара хезаш ду цунах [гIуллакхах] лаьцна", Бакаев Зеламха цIе йолу стаг вайна аьлла, шайга кхачийна дIахьедар дац бохуш.

Шайн цIераш яха ца лиъначу артистан доттагIаша хаамбира "Дождь" телеканале, меттигерчу бахархошна гина хиллера, месаш тоечу салонера араволучу заманчохь тIеман барзакъца болчу наха лаца а лаьцна, Бакаев машенчу а тоьхна, дIавуьгуш. Цхьадолчу хаамийн зорбанаша анониман хьасташна тIетевжаш, хаамбира, "Терек"СОБР-н белхахоша лаьцна иллиалархо, иза вигарна бехке нохчийн Iедалера лаккхара даржхо ву аьлла.

ТIаьхьо Зеламха къайлаваккхарх лаьцна нохчийн Iедалхоша оцу сохьта масех верси йовзийтира, тIаьхьо уьш бакъ цахиларх дIахаийтира артистан гергарчара. Масала, мехкан урхалло тIечIагIдира, пиар еш ву, йа ша банкехь тIехьерчийначу декхарех ведда иллиалархо аьлла. Бакаева Маликас тIе ца йитира и легенда. Цо чIагIо йора, шен кIанта кредиташ цкъа а эцна дац, йа цьунан таро а яцара эца, хIунда аьлча, официалехь иза цхьанхьа а балхахь вацара бохуш. Цул совнах банкехь кредит оьцуш, жоьпалла тIелоцуш стаг а хила веза.

Наноша даим а сатуьйсу, кхалхар тIечIагIдеш тешаш белахь а

Эхашерачохь Нохчийчоьнан Iедалхоша кхачам боллу терго ца йора вайначу Бакаевн, синтем байначу нанас дехар дира Кадыров Рамзане а цхьаьна гIо доьхуш.

2017-чу шеран Гезгамашин-беттан 24-чохь пачхьалкхан "Грозный" телеканало ролик зорбане яьккхира, цу тIехь "жимстаг дийна а ву, могаш ву, схьагарехь, шен самукъа а доккхуш, Iаш ву", Германехь.

Журналисташна къаьстира, оцу видео тIехь хилла йийбар а, маларш а Оьрсийчохь бен духкуш доцийла. Ткъа Зеламхин доттагIий тешна бара, "Грозный" телехьожийло гойту видео цара шаьш хIоттийна хиларх а, иллиалархочунна билггал кхерам латтарх а.

ТIаьхьо Оьрсийчуьра бакъоларъярхошна жоп кхечира Европерчу комиссигара, цара тIечIагIдира, Евробертан цхьана а пачхьалкхе Бакаев веана вац аьлла. Цо бакъоларъярхойн шеконаш кхин тIе а чIагIйира, нохчийн Iедалхойн бехк хиларх иллиалархо къайлаваккхарна.

Гезгамашин-беттан 16-чохь "Новая газетан" журналисташа бакъоларъярхошца юкъахь массарна а хезаш дIахьедира Бакаев лачкъор Нохчийчохь ЛГБТ-н векалш лоьцуш, йолийначу кампаница доьзна ду аьлла. Масех лаьцначо дIахаийтинера, шаьш лачкъийначара Зеламхех лаьцна хеттарш дира шайга аьлла.

2018-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь йоьдучу кхеташонехь Кадыровс дIахьедира, иллиалархо дийна ца хила а тарло аьлла. Цуьнан гергарчара шаьш кхел йина хир ю цунна аьлла, къадийра цо.

Оцу дIахьедарна жоп делира Бакаев Хьусайна, вайначун дас: "Цхьаммо а цIа ца валийнера иза, лартIахь адам дара иза, нахана гергахь ван гIертарг вацара. ЦIийнах болчара цхьаммо а тIе куьйг даьхьна дац цунна. Бахьана а дацара иза хьеван".

Еххачу заманчохь Зеламхин ненан дегайовхо яра шен кIентан цхьа лар карор ю аьлла. Кавказ.Реалиица тIаьххьара хиллачу къамелехь тешна яра иза, шен кIант дийна гур ву аьлла.

"КIанте сатуьйсуш Iаш ю со, дагчуьра дIа ца баккхало соьга сатийсам. Оцу дегайовхонца ехаш ю со", - элира цо.

Цул тIаьхьа кхин а ши шо даьлла, амма Зелим йа дийна а, йа велла а схьакарийна вац. Юха а Бакаева Маликица зIене довла хьоьвсира тхо, амма аьтто ца белира. ЗIе тосийла ца хилира иштта Нохчийчохь вайначун деца а.

Бакаев Зеламха дийна хиларх шеконаш ю ЛГБТ-н бакъоларъярхочун Кочетков Игорян, тIаьххьарчу шерашкахь кхин цуьнгара цхьана а кепара кост ца хиларна.

"Керла кхин цхьана а кепара цуьнгара хаам боцу масех шо а ду. Иза вийна хила тарло. Зуламаш лелийнарш жоьпалле озон беза. И цхьа позици ю сан, бакъоларъярхо суо хиларе терра, ас дIалоцург, цкъа мацца а и хир ду аьлла а хета суна. Дуккха а нах бу оцу тIехь къа хьоьгуш", - элира Кавказ.Реалиица къамелдечо.

Оцу хьолах дуьйцуш йолчу бакъоларъярхочо Ганнушкина Светланас мел а собаре мах хадабо.

"Наноша даим а сатуьйсу. Оцу сатийсамна чов йен дешнаш ала луур дацара суна. Наноша гуттар а са ма туьйсу, цуьнан кхалхаран тешаш белахь а. Шен доьзалхочун кхалхарна цхьана а агIор тIетан ца лууш, цхьана агIор психологин дуьхьало хир ю-кх иза. Цул а оцу дегайовхонна тIетай вай а, цхьа дагахь доццург а хуьлуш ма хуьлу", - элира Ганнушкинас.

Нохчийчохь ЛГБТ-нахана тIаьхьабевлла лела бохуш, зорбанан гIирсашкахь гучубуьйлу хаамаш "пайдабоцург" лерира Кадыровс, оцу кепара дIахьедечара "Далла хьалха жоп лур ду" а олуш.

"Кадыровн доллу зуламашна тIетайна стаг вайна дуккха а герга ву, АллахIал а. Цу шиммо а – Кадыров Рамзана а, Путин Владимира а [Оьрсийчоьнан президенто] цкъа мацца а царех жоп лур ду аьлла, тешна хила лаьар-кх, вукху дуьненахь а доцуш, бакъ дуьненахь цара жоп лур ду аьлла", - ша йолччуьра къовсаме йолу Ганнушкина Светлана.

Хьалха а санна, Нохчийчуьра кест-кеста хаамаш кхочу, гомосексуалан ориентации йолуш бу аьлла, шеко йолу нах лечкъорах лаьцна. Лечкъабо Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь полисхойх лечкъина Iен махкара бахархой а цхьаьна.

Оьрсийчоьнан бакъоларяъран органаша теллина дац Бакаевн вар

2022-чу шеран Марсхьокху-беттан 8-чу денна "СК SOS" кризисан тобанан а бац Бакаев Зеламха дIаварах лаьцна керла хаам. Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тобанан пресс-секретарь волчу Розанов Мирона шена халахетарх дIахаийтира, Кадыровна товш боцу нах тахана а бовш хилар.

"Бакаев лачкъор – Нохчийчохь нах лечкъош хиларх юкъараллехь дуьххьара гIарадаьлла хIума дара. Халахеташ делахь а, цунах хиллачух керла кхин информаци яц тхоьгахь, 2018-чу шарахь Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейно а, цул тIаьхьа "Новая газето" а зорбане яьхначу материалаш тIехь яздина дара, Зеламха вийна хила тарло аьлла. Оцу хьастех тоьшийла ю тхан, карарчу хенахь Оьрсийчоьнан бакъоларъяран органаша Бакаев варан хьокъехь таллам бина цахилар тергоне а эцна", - боху Розановс.

Цо билгалдоккху, Нохчийчуьрчу Iедалхошна товш боцу нах тахана а бовш хилар, амма МВД-хь а, Талламан комитетехь а оцу кепара хиламаш толлуш бац аьлла.

"Iазапаш лайнарш дийна а биссина, доллу тоьшаллашца цара шаьш арз дахь а, церан гIуллакхаш луьстуш дац…ХIетте а, саццаза къийсам латтабо оха Къилбаседа Кавказерчу нехан бакъонаш къуьйсуш. Iожаллин кхерам лаьттачу ЛГБТК-нахана а, церан доьзалашна а гIо латтадо оха. Оха накъосталла до царна Оьрсийчохь а, дуьненаюкъарчу тIегIанехь а бакъонаш къовсуш", - дIахьедира къамелдечо.

  • 2021-чу шеран Чиллан-баттахь Лахарчу Новгородера кризисан петарчуьра лачкъийна вежарий Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а Нохчийчу дIабигира. Нохчийчуьрчу кхело бехкевира и шиъ гIаттамхошна гIо дина ву аьлла. Царна тIаьхьабовлар дузу бакъонашларъярхоша вежарийн сексуалан ориентацица.
  • Стохка Дечкен-баттахь ницкъахоша дIалецира Нохчийчохь Мукаев Салман. Соьлжа-ГIаларчу Ленинан кIоштан РОВД-н декъе валийра иза, цигахь цхьана йоIаца цо динчу йозанийн скриншот дуьхьалтоьхнера цунна, иза бехкевира гомосексуал ву аьлла. Бехкаш дIатетта волавеллачу Мукаевна йиттинера полисхоша. Голаш тIе а хIоттийна, мийраш биттинера цунна, цул тIаьхьа гIанта а хаийна, садукъон гIиртинера, ток йеттийтинера, аьлла ду дIахьедарехь яздина.
  • 2022-чу шеран Товбеца-бутт бовш Нохчийчохь лецира меттигера вахархо Дадаев Ризван, цуьнан сексуалан ориентаци бахьана долуш. Карарчу хенахь иза волу меттиг хаа гIерташ, тIаьхьабевлла хьийза бакъонашларъярхой- ницкъахойх цхьанакхеттачул тIаьхьа вайна иза.
  • ТIаьхьо Нохчийчохь вайра кхин а меттигера ши вахархо, гей ву аьлла, Соьлжа-ГIалахь лаьцначу Дадаев Ризванан контакташлахь хиллера и шиъ. Стенгахь бу кегий нах, хууш дац.
  • Бакъонашларъярхоша хаамбо, карарчу хенахь нохчийн полисхоша гейшка кехаташ кхоьхьуьйту, цаьрца цхьанакхета Iалашонца санна, дейтинган аппликацешлахь фейкан агIонех пайда а оьцуш. Цхьанакхета реза хилларш лацаран кхерамна кIел нисло.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG