ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хиллачу тIеман ветерано уьрсаца чов йина Ичкерин агIончана


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къобалъязчу Ичкерина тIехула хиллачу къовсамехь шена вевзачун могушаллина зен дарна бехкевина меттигера вахархо Яшин Александр Астраханерчу Кировн кIошто.

Цхьана декъана шен бехк хиларна къера хиллачу Астраханерчу вахархочо кхелехь дийцина, социйлехь вевзинера шена иза, пиво а эцна, ша волчу петаре кхайкхинера ша аьлла. Яшина дийцина цуьнга, Нохчийчохь шолгIа тIом болчу хенахь ша цигахь десантхо хилла ву аьлла, ткъа вукхо аьлла, ша шолгIачу агIор тIемаш беш вара, командир вара ша, шен куьйгакIел 30 стаг вара, шаьш бакъонехь доцург леладора (оьрсийн салташна арсаш хьоькхура). Яшинна "вон хиллера, хьалаиккхина, цунна юьхьтIе буй тоха гIортинера иза, амма аьтто ца белира".

Зен хилларг, цуьнан цIе йоккхуш яц, уьрсаца дуьхьало ян гIоьртинера, амма Яшина цуьнгара и схьа а а даьккхина, цуьнан некхах тоьхнера. Вукхо схьаэцна, плазмин телевизор тоьхнераа цуьнан коьртах. Конфликт йирзира, Яшин полици дIа а вуьгуш.

Кхелехь зен хиллачо бакъ ца дира, ша Ичкерин тIеман вовшахтохарехь дакъалацар, юьхьанца дIахьедира, петаран долахо шена наб озийначу хенахь тIелеттера, цул тIаьхьа нохчех лаьцна цо хьаштдоцург дийцарна дов делира шайн аьлла.

Iалашвала шена кхачочу барамел сов ваьлла бехкевийриг, хIунда аьлча, зен хиллачо дуьххьара урс хьажийна цунна тIе, цуьнан "таро яра тIелата мел а кIедачу кепашца, делахь а хIоьттинчу хьолан ма-барра мах ца хадош, Яшина шога гIирс къастийна, совнах боллушехь" аьлла, хетта кхелана.

Набахтехь даккха бархI шаре гергга хан йогIура Астраханан вахархочунна, амма кхело тидаме эцна, Iедална ша цуьнан тIевар а, бехк тIелацар а, цуьнан кегий бераш хилар а, тIамехь дакъалаьцна хилар а, урхаллин совгIаташ дина хилар а. Иштта Яшин Александрна 11 баттахь белхаш бар тIедожийна, алапан 10 процент пачхьалкхан бюджете дIа а хьажош.

  • Мангал-бутт бовш Краснодар-мехкан кхело тIечIагIдира, Оьрсийчоьнан эскарийн карах кхо шо долу Загудаев Султан кхалхар – бер делира Серноводское олучу эвлахь, 1999-чу шарахь Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш динчу тохаршкахь. Компенсаци хIоттийра Загудаева Натальина вийначу кIантах – 20 эзар сом. Кхаа шарахь сов кхелаца къийсаеллачу зен хиллачо "цадашар а, сийсазалла а ю иза" элира иза. Цуьнан адвокатана, мелхо а, боккха толам хета иза.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIир кхайкхийна, Украинан агIор тIемашкахь дакъалоцучу къобалъязчу Ичкерин агIончашна. Оцу кепара дIахьедар зорбане даьккхина Кадыровс шен телеграм-каналехь.
  • ГIебарта-Балкхаройчоьнан Прохладный кIоштан кхело йихкина, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу заманчохь Оьрсийчоьнан салташца яьккхина 20 минотехь йолу видео. КIоштан прокуроро кховдийнера иск кхеле.
  • Нальчик гIалин кхело дуьхьало йина Геграев Далхатана 10 эзар сом компенсаци яла, 2002-чу шарахь Нохчийчохь йинчу тIеман чевнах. Цул совнах, цкъа кхачош долу ахча сецорна МВД-н пенсхочо тIедожийнера ГIебарта-Балкхаройчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина а, Росгвардин урхаллина а, номер 6779 йолчу Хьалха-МартантIерачу тIеман декъана а I,8 миллион сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG