ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказан къаьмнашка мобилизацина дуьхьалдовла аьлла, кхайкхамбина Зеленскийс


Зеленский Владимир
Зеленский Владимир

Мобилизацина дуьхьал къийсам латтош, шайн маршо Iалашъйе аьлла, видеокхайкхам бина Кавказан а, Сибирин а, кхечу Оьрсийчоьнан халкъашка а Украинан президенто Зеленский Владимира.

1868-1869-чу шерашкахь Киевехь ваьхначу имам Шемалан иэсана хIоттийначу уьна хьалха Киевехь вистхилла Зеленский. Цуьнан терго йина Зеленскийс: Вайн халкъийн культура вовшахтоьхначу меттигийн иэс лардо оха. ХIара тхан шахьаран коьрта меттиг бу – Оьрсийчоьнан Iедало ракеташ, бомбанаш, эскарш хьежочу украинхойн гIаланех цхьаъ ю хIара. Кавказана хаьа, и бохург хIун ду: Кавказана хIара гина".

Иштта цо дIадешна меморилан уьна тIера дешнаш: Бакъонна дуьхьал герз айдинчо, шен Iожаллина айдеш ду иза", - хетарехь имам Шемалан оцу дешнех лаьцна Кремлехь цахуучух тера ду. Амма и дешнаш хаа деза Кавказехь, дIахаза деза уьш Сибирехь а, хIокху тIаме нах оьхуьйтучу кхечу массо а латтанаш тIехь а".

"Кавказан къаьмнаш, Оьрсийчоьнан дозана тIера доллу халкъаш, шун цхьа а бахьана дац, тIом оьшучу оцу цхьана стагана гIуллакх дечийн могIарехь хила", - боху Зеленскийс. "Къийса, шаьш ца дайийта. Оьрсийчоьнан Iедало рогIера мобилизацин тулгIенаш юьйлаяле, ларъйе шайн маршо урамашкахь а, майданашкахь а, лаьмнашкахь а, хьаннашкахь а тIемаш ца бархьама, шайн даха бакъо Iалашъйе".

Шен къамелехь Украинан президент вистхилла Кавказан кеп-кепарчу халкъашка: "Эхье кху тIамехь цхьаммо а дакъалаца ца деза. Дагестанхой бала безаш бац Украинехь. Нохчий, гIалгIай, хIирий, чергазий, Оьрсийчоьнан байракха кIел нисделла кхиндолу къам а – 200 гергга тайп-тайпана къаьмнаш. Шуна хаьа, уьш Украине хьийсориг мила ву".

"Со тешна ву, шуна даха лаьа. Со тешна ву, шуна кIордийна хIара аьшпаш. Со тешна ву, шуна хууш хиларх, къийсам латто хIинца оьшу. Оьрсийчоьнан бахархой тIамтIе бахийтархьама, къоьлле, кредиташка доккху церан дахар, адам кхерало репрессешца, Iехабо пропагандица. Шун ницкъ бу и хийца – кхеташ хила деза уггар хьалха, баккъал а символ мила ву шуна, турпалхо мила ву, шун историн дозалла мила ду – мила ву шух пайдаэца хьийзарг а. Къийса! Шу тоьлар ду", - дерзийна шен къамел Зеленский Владимира.

  • Гезгамашин-беттан 26-чохь Зеленскийс комментарий йира, кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал Дагестанехь йолийначу протесташна, кхайкхамбира мобилизацих а, эскаре кхайкхарх а ида, йа украинхойн йийсаре гIо шайн аьтто ма-белли аьлла.
  • Гезгамашин-беттан 22-чохь Оьрсийчоьнан бахархошка бечу кхайкхамехь Зеленскийс хьахийра тIамехь бойъу дагестанхой: "Оьрсийчоьнан регионашкахь баккъал болу синхIоттам вайна хууш ма бу. Вайна гуш ду, Дагестанера, Бурятера, кхечу къаьмнийн республикашкахь а, Оьрсичоьнан мехкашкахь а адамаш кхеташ ду, шаьш тесна дитинийла. Дала дитинийла"ю.
  • Гезгмашин-беттан 21-хь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира цхьанадекъана мобилизаци кхайкхийра Оьрсийчохь. Iедалхоша дIахьедира, эскаран гIуллакх дина, тIемашкахь дакъалаьцна зеделларг долу 300 резервхо тIекхойкхур ву аьлла. И чIагIдарш яздина дац мобилизацих долчу официалан омри тIехь, иза йолийначу хьалхарчу дийнахь дуьйна кеп-кепарчу регионашкара хаамаш кхочура, дIахьедина дозанаш лардеш цахиларх. Хааминй гIирсийн зерашца, Украинаца болчу тIаме миллион сов вахархо хьажо Iалашо ю Iедалхойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG